Сурат 26 Аш-шуIараъ (Назманчаш), аят 105 – 122

  1. كَذَّبَتْ قَوْمُ نُوحٍ الْمُرْسَلِينَ

    Харцбира Нухьан къомо а элчанаш

    26:105
  2. إِذْ قَالَ لَهُمْ أَخُوهُمْ نُوحٌ أَلَا تَتَّقُونَ

    Ма аьллера цаьрга церан вашас Нухьас: “Шу ца кхоьру /Делах/?

    26:106
  3. إِنِّي لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌ

    Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву

    26:107
  4. فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ

    Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила

    26:108
  5. وَمَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Ас шуьга цунна тIехь мах ца боьху. Суна мах балар Iаламийн Дегахь бен дац

    26:109
  6. فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ

    Кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила!”

    26:110
  7. قَالُوا أَنُؤْمِنُ لَكَ وَاتَّبَعَكَ الْأَرْذَلُونَ

    Цара элира: “Тхо муха теша хьох‚ хьуна тIаьхьахIиттина ма бу /тхох/ уггар бухабиснарш”

    26:111
  8. قَالَ وَمَا عِلْمِي بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Цо элира: “Суна хаац, уьш хIун деш хилла

    26:112
  9. إِنْ حِسَابُهُمْ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّي ۖ لَوْ تَشْعُرُونَ

    Церан хьесап сан Кхиош-кхобучунна тIехь ду‚ шуна хаалахь

    26:113
  10. وَمَا أَنَا بِطَارِدِ الْمُؤْمِنِينَ

    Ас длелхор бац муъмин нах

    26:114
  11. إِنْ أَنَا إِلَّا نَذِيرٌ مُبِينٌ

    Со билгала волу кхерамча бен вац”

    26:115
  12. قَالُوا لَئِنْ لَمْ تَنْتَهِ يَا نُوحُ لَتَكُونَنَّ مِنَ الْمَرْجُومِينَ

    Цара элира: “Хьо ца сацахь‚ хIай Нухь‚ хьо хир ма ву шайна тIе /оха/ тIулгаш биттинчарах”

    26:116
  13. قَالَ رَبِّ إِنَّ قَوْمِي كَذَّبُونِ

    Цо элира /Деле доьхуш /: “Сан Кхиош-кхобург‚ сан къомо со харц ма вина

    26:117
  14. فَافْتَحْ بَيْنِي وَبَيْنَهُمْ فَتْحًا وَنَجِّنِي وَمَنْ مَعِيَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ

    Ахь кхиэл ехь суна а‚ царна а юккъехь‚ кIелхьарваккхалахь со а‚ муъмин нахах соьца мел верг а”

    26:118
  15. فَأَنْجَيْنَاهُ وَمَنْ مَعَهُ فِي الْفُلْكِ الْمَشْحُونِ

    Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ цуьнца мел верг дуьззинчу кемана чохь

    26:119
  16. ثُمَّ أَغْرَقْنَا بَعْدُ الْبَاقِينَ

    ТIаккха Оха /хIорда/ буха- бахийтира биснарш

    26:120
  17. إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُمْ مُؤْمِنِينَ

    Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царах дукхахберш муъмин нах

    26:121
  18. وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ

    Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ма ву Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а

    26:122

Гочдар: Магомед Магомедов