Сурат 26 Аш-шуӀараъ (Назманчаш), аят 106 – 121
-
إِذْ قَالَ لَهُمْ أَخُوهُمْ نُوحٌ أَلَا تَتَّقُونَ
Ма аьллера цаьрга церан вашас Нухьас: “Шу ца кхоьру /Делах/?
26:106 -
إِنِّي لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌ
Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву
26:107 -
فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ
Кхера Делах‚ суна муьтӀахь а хила
26:108 -
وَمَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Ас шуьга цунна тӀехь мах ца боьху. Суна мах балар Ӏаламийн Дегахь бен дац
26:109 -
فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ
Кхера Делах‚ суна муьтӀахь а хила!”
26:110 -
قَالُوا أَنُؤْمِنُ لَكَ وَاتَّبَعَكَ الْأَرْذَلُونَ
Цара элира: “Тхо муха теша хьох‚ хьуна тӀаьхьахӀиттина ма бу /тхох/ уггар бухабиснарш”
26:111 -
قَالَ وَمَا عِلْمِي بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Цо элира: “Суна хаац, уьш хӀун деш хилла
26:112 -
إِنْ حِسَابُهُمْ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّي ۖ لَوْ تَشْعُرُونَ
Церан хьесап сан Кхиош-кхобучунна тӀехь ду‚ шуна хаалахь
26:113 -
وَمَا أَنَا بِطَارِدِ الْمُؤْمِنِينَ
Ас длелхор бац муъмин нах
26:114 -
إِنْ أَنَا إِلَّا نَذِيرٌ مُبِينٌ
Со билгала волу кхерамча бен вац”
26:115 -
قَالُوا لَئِنْ لَمْ تَنْتَهِ يَا نُوحُ لَتَكُونَنَّ مِنَ الْمَرْجُومِينَ
Цара элира: “Хьо ца сацахь‚ хӀай Нухь‚ хьо хир ма ву шайна тӀе /оха/ тӀулгаш биттинчарах”
26:116 -
قَالَ رَبِّ إِنَّ قَوْمِي كَذَّبُونِ
Цо элира /Деле доьхуш /: “Сан Кхиош-кхобург‚ сан къомо со харц ма вина
26:117 -
فَافْتَحْ بَيْنِي وَبَيْنَهُمْ فَتْحًا وَنَجِّنِي وَمَنْ مَعِيَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ
Ахь кхиэл ехь суна а‚ царна а юккъехь‚ кӀелхьарваккхалахь со а‚ муъмин нахах соьца мел верг а”
26:118 -
فَأَنْجَيْنَاهُ وَمَنْ مَعَهُ فِي الْفُلْكِ الْمَشْحُونِ
Оха кӀелхьарваьккхира иза а‚ цуьнца мел верг дуьззинчу кемана чохь
26:119 -
ثُمَّ أَغْرَقْنَا بَعْدُ الْبَاقِينَ
ТӀаккха Оха /хӀорда/ буха- бахийтира биснарш
26:120 -
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُمْ مُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царах дукхахберш муъмин нах
26:121
Гочдар: Магомед Магомедов