Сурат 26 Аш-шуӀараъ (Назманчаш), аят 122 – 140

  1. وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ

    Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ма ву Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а

    26:122
  2. كَذَّبَتْ عَادٌ الْمُرْسَلِينَ

    Харцбира Ӏадаша элчанаш

    26:123
  3. إِذْ قَالَ لَهُمْ أَخُوهُمْ هُودٌ أَلَا تَتَّقُونَ

    Цаьрга ма элира церан вашас ХӀудас: “Шу ца кхоьру /Делах/?

    26:124
  4. إِنِّي لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌ

    Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву

    26:125
  5. فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ

    Шу кхера Делах‚ суна муьтӀахь а хила

    26:126
  6. وَمَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Ас ца боьху шуьга цунна тӀехь мах. Суна мах балар Ӏаламийн Дена тӀехь бен дац

    26:127
  7. أَتَبْنُونَ بِكُلِّ رِيعٍ آيَةً تَعْبَثُونَ

    Аш бо хӀор айеллачу меттигехь гӀирс /билгало еш лелачарна/ самукъадуьйлуш

    26:128
  8. وَتَتَّخِذُونَ مَصَانِعَ لَعَلَّكُمْ تَخْلُدُونَ

    Луьйцуш ду шу /бакхий/ гӀирсаш, шаьш гуттар лаьттар ду моьттуш

    26:129
  9. وَإِذَا بَطَشْتُمْ بَطَشْتُمْ جَبَّارِينَ

    Шаьш тухуш, туху аш къинхетам боцуш

    26:130
  10. فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ

    Шу кхера Делах‚ суна муьтӀахь а хила

    26:131
  11. وَاتَّقُوا الَّذِي أَمَدَّكُمْ بِمَا تَعْلَمُونَ

    Шу кхера Ша шуна хуург шуна шортта деллачух

    26:132
  12. أَمَدَّكُمْ بِأَنْعَامٍ وَبَنِينَ

    Цо шуна шортта делла даьхни а‚ кӀентий а,

    26:133
  13. وَجَنَّاتٍ وَعُيُونٍ

    Бошмаш а‚ шовданаш а

    26:134
  14. إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ

    Баккъалла а, со кхоьру шуна дезачу дийнан Ӏазапах”

    26:135
  15. قَالُوا سَوَاءٌ عَلَيْنَا أَوَعَظْتَ أَمْ لَمْ تَكُنْ مِنَ الْوَاعِظِينَ

    Цара элира: “Цхьатерра ду тхуна, ахь хьехам бийчи а‚ я хьо хьехам бечарах ца хилчи а

    26:136
  16. إِنْ هَٰذَا إِلَّا خُلُقُ الْأَوَّلِينَ

    ХӀара хьалхалерачийн гӀиллакх бен дац

    26:137
  17. وَمَا نَحْنُ بِمُعَذَّبِينَ

    Тхуна Ӏазап дийр долуш дац”

    26:138
  18. فَكَذَّبُوهُ فَأَهْلَكْنَاهُمْ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُمْ مُؤْمِنِينَ

    Цара иза харцвира‚ тӀаккха Оха уьш хӀаллакбира. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царах дукхах берш муъмин нах

    26:139
  19. وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ

    Баккъалла а, хьан Кхиошкхобург - Иза ву-кх Ша веза верг а‚ къинхетаме верг а

    26:140

Гочдар: Магомед Магомедов