Сурат 26 Аш-шуIараъ (Назманчаш), аят 124 – 135

  1. إِذْ قَالَ لَهُمْ أَخُوهُمْ هُودٌ أَلَا تَتَّقُونَ

    Цаьрга ма элира церан вашас ХIудас: “Шу ца кхоьру /Делах/?

    26:124
  2. إِنِّي لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌ

    Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву

    26:125
  3. فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ

    Шу кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила

    26:126
  4. وَمَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Ас ца боьху шуьга цунна тIехь мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац

    26:127
  5. أَتَبْنُونَ بِكُلِّ رِيعٍ آيَةً تَعْبَثُونَ

    Аш бо хIор айеллачу меттигехь гIирс /билгало еш лелачарна/ самукъадуьйлуш

    26:128
  6. وَتَتَّخِذُونَ مَصَانِعَ لَعَلَّكُمْ تَخْلُدُونَ

    Луьйцуш ду шу /бакхий/ гIирсаш, шаьш гуттар лаьттар ду моьттуш

    26:129
  7. وَإِذَا بَطَشْتُمْ بَطَشْتُمْ جَبَّارِينَ

    Шаьш тухуш, туху аш къинхетам боцуш

    26:130
  8. فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ

    Шу кхера Делах‚ суна муьтIахь а хила

    26:131
  9. وَاتَّقُوا الَّذِي أَمَدَّكُمْ بِمَا تَعْلَمُونَ

    Шу кхера Ша шуна хуург шуна шортта деллачух

    26:132
  10. أَمَدَّكُمْ بِأَنْعَامٍ وَبَنِينَ

    Цо шуна шортта делла даьхни а‚ кIентий а,

    26:133
  11. وَجَنَّاتٍ وَعُيُونٍ

    Бошмаш а‚ шовданаш а

    26:134
  12. إِنِّي أَخَافُ عَلَيْكُمْ عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ

    Баккъалла а, со кхоьру шуна дезачу дийнан Iазапах”

    26:135

Гочдар: Магомед Магомедов