Сурат 26 Аш-шуӀараъ (Назманчаш), аят 142 – 152

  1. إِذْ قَالَ لَهُمْ أَخُوهُمْ صَالِحٌ أَلَا تَتَّقُونَ

    Ма элира цаьрга церан вашас Салихьо: “Шу ца кхоьру?

    26:142
  2. إِنِّي لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌ

    Баккъалла а, со шуна тешаме элча ву

    26:143
  3. فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ

    Кхера Делах‚ суна муьтӀахь а хила

    26:144
  4. وَمَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Ас ца боьху шуьга цунна тӀехь мах. Суна мах балар Ӏаламийн Дена тӀехь бен дац

    26:145
  5. أَتُتْرَكُونَ فِي مَا هَاهُنَا آمِنِينَ

    Шу дуьтур долуш ду ткъа кхузахь шаьш долчахь (хкху дуьненахь гуттар ниаташкахь), кхерам а боцуш?

    26:146
  6. فِي جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ

    Бошмашкахь а‚ шовданашкахь а

    26:147
  7. وَزُرُوعٍ وَنَخْلٍ طَلْعُهَا هَضِيمٌ

    Ялтанашкахь а‚ хурманашкахь а - шен стом хьена болчу

    26:148
  8. وَتَنْحِتُونَ مِنَ الْجِبَالِ بُيُوتًا فَارِهِينَ

    Аш туьсту лаьмнех цӀенош курадовлуш

    26:149
  9. فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ

    Кхералаш Делах‚ суна муьтӀахь а хилалаш

    26:150
  10. وَلَا تُطِيعُوا أَمْرَ الْمُسْرِفِينَ

    Шу муьтӀахь ма хилалаш исрап деш болчеран омрана

    26:151
  11. الَّذِينَ يُفْسِدُونَ فِي الْأَرْضِ وَلَا يُصْلِحُونَ

    Уьш бу лаьттахь боьханиг деш берш‚ диканиг ца до цара

    26:152

Гочдар: Магомед Магомедов