Сурат 26 Аш-шуӀараъ (Назманчаш), аят 155 – 156

  1. قَالَ هَٰذِهِ نَاقَةٌ لَهَا شِرْبٌ وَلَكُمْ شِرْبُ يَوْمٍ مَعْلُومٍ

    Цо элира: “ХӀара эмкал ю. Цунна малар ду‚ шуна а малар ду билгалдинчу дийнахь

    26:155
  2. وَلَا تَمَسُّوهَا بِسُوءٍ فَيَأْخُذَكُمْ عَذَابُ يَوْمٍ عَظِيمٍ

    Ма кхеталаш цунах вониг дарца - тӀаккха сийлахь деза долчу дийнан Ӏазапо схьалоьцур ду шу”

    26:156

Гочдар: Магомед Магомедов