Сурат 26 Аш-шуӀараъ (Назманчаш), аят 155 – 158

  1. قَالَ هَٰذِهِ نَاقَةٌ لَهَا شِرْبٌ وَلَكُمْ شِرْبُ يَوْمٍ مَعْلُومٍ

    Цо элира: “ХӀара эмкал ю. Цунна малар ду‚ шуна а малар ду билгалдинчу дийнахь

    26:155
  2. وَلَا تَمَسُّوهَا بِسُوءٍ فَيَأْخُذَكُمْ عَذَابُ يَوْمٍ عَظِيمٍ

    Ма кхеталаш цунах вониг дарца - тӀаккха сийлахь деза долчу дийнан Ӏазапо схьалоьцур ду шу”

    26:156
  3. فَعَقَرُوهَا فَأَصْبَحُوا نَادِمِينَ

    Цара цунна урс хьаькхира - уьш дохко бевлла Ӏуьйранга бевлира

    26:157
  4. فَأَخَذَهُمُ الْعَذَابُ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُمْ مُؤْمِنِينَ

    Ӏазапо схьалецира уьш. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царах дукхахберш муъмин нах

    26:158

Гочдар: Магомед Магомедов