Сурат 26 Аш-шуIараъ (Назманчаш), аят 160 – 175

  1. كَذَّبَتْ قَوْمُ لُوطٍ الْمُرْسَلِينَ

    Харцбира ЛутIан къомо элчанаш

    26:160
  2. إِذْ قَالَ لَهُمْ أَخُوهُمْ لُوطٌ أَلَا تَتَّقُونَ

    Ма элира цаьрга церан вашас ЛутIас: “Шу ца кхоьру?

    26:161
  3. إِنِّي لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌ

    Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву

    26:162
  4. فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ

    Шу кхералаш Делах‚ суна а муьтIахь хилалаш

    26:163
  5. وَمَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Ас ца боьху шуьга цу тIехь цхьа а мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац

    26:164
  6. أَتَأْتُونَ الذُّكْرَانَ مِنَ الْعَالَمِينَ

    Шу оьху ткъа божаршна тIе массо а Iаламера?

    26:165
  7. وَتَذَرُونَ مَا خَلَقَ لَكُمْ رَبُّكُمْ مِنْ أَزْوَاجِكُمْ ۚ بَلْ أَنْتُمْ قَوْمٌ عَادُونَ

    Аш дIатесна дуьту шун Кхиош-кхобучо шайна кхоьллина хиллачу шун зударех(шайна шовкъ лахар). ХIаъ‚ шу ду-кх дозанах даьлла къам”

    26:166
  8. قَالُوا لَئِنْ لَمْ تَنْتَهِ يَا لُوطُ لَتَكُونَنَّ مِنَ الْمُخْرَجِينَ

    Цара элира: “Хьо ца сацахь‚ хIай ЛутI‚ хьо хилланне а хир ма ву арабаьхначарах”. (“Оха юьртара аравоккхур ву хьо”.)

    26:167
  9. قَالَ إِنِّي لِعَمَلِكُمْ مِنَ الْقَالِينَ

    Цо элира: “Баккъалла а, со шун Iамална чIогIа оьгIазбахначарах ву-кх

    26:168
  10. رَبِّ نَجِّنِي وَأَهْلِي مِمَّا يَعْمَلُونَ

    Со Кхиош-кхобург‚ кIелхIарваккхалахь со а‚ сан доьзал а цара дечух”

    26:169
  11. فَنَجَّيْنَاهُ وَأَهْلَهُ أَجْمَعِينَ

    Оха кIелхьарваьккхира иза а‚ берриге а цуьнан доьзал а‚

    26:170
  12. إِلَّا عَجُوزًا فِي الْغَابِرِينَ

    Цхьа къена зуда йоцург бухабисинчарна юккъехь

    26:171
  13. ثُمَّ دَمَّرْنَا الْآخَرِينَ

    ТIаккха бохийра Оха биснарш

    26:172
  14. وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهِمْ مَطَرًا ۖ فَسَاءَ مَطَرُ الْمُنْذَرِينَ

    Оха доьттира царна тIе догIа. Ма вон хилира шайна кхерам тесначеран догIа!

    26:173
  15. إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُمْ مُؤْمِنِينَ

    Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх. Ца хилира царах дукхах берш муъмин нах

    26:174
  16. وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ

    Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх ша веза верг а‚ къинхетаме верг а

    26:175

Гочдар: Магомед Магомедов