Сурат 26 Аш-шуIараъ (Назманчаш), аят 161 – 166

  1. إِذْ قَالَ لَهُمْ أَخُوهُمْ لُوطٌ أَلَا تَتَّقُونَ

    Ма элира цаьрга церан вашас ЛутIас: “Шу ца кхоьру?

    26:161
  2. إِنِّي لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌ

    Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма ву

    26:162
  3. فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ

    Шу кхералаш Делах‚ суна а муьтIахь хилалаш

    26:163
  4. وَمَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Ас ца боьху шуьга цу тIехь цхьа а мах. Суна мах балар Iаламийн Дена тIехь бен дац

    26:164
  5. أَتَأْتُونَ الذُّكْرَانَ مِنَ الْعَالَمِينَ

    Шу оьху ткъа божаршна тIе массо а Iаламера?

    26:165
  6. وَتَذَرُونَ مَا خَلَقَ لَكُمْ رَبُّكُمْ مِنْ أَزْوَاجِكُمْ ۚ بَلْ أَنْتُمْ قَوْمٌ عَادُونَ

    Аш дIатесна дуьту шун Кхиош-кхобучо шайна кхоьллина хиллачу шун зударех(шайна шовкъ лахар). ХIаъ‚ шу ду-кх дозанах даьлла къам”

    26:166

Гочдар: Магомед Магомедов