Сурат 26 Аш-шуӀараъ (Назманчаш), аят 176 – 191
-
كَذَّبَ أَصْحَابُ الْأَيْكَةِ الْمُرْسَلِينَ
Харцбира Айкатан дайша а элчанаш
26:176 -
إِذْ قَالَ لَهُمْ شُعَيْبٌ أَلَا تَتَّقُونَ
Ма элира цаьрга ШуӀайбас: “Шу ца кхоьру?
26:177 -
إِنِّي لَكُمْ رَسُولٌ أَمِينٌ
Баккъалла а, со шуна тешаме элча ма вуй
26:178 -
فَاتَّقُوا اللَّهَ وَأَطِيعُونِ
Шу кхералаш Делах‚ суна а муьтӀахь хилалаш
26:179 -
وَمَا أَسْأَلُكُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَىٰ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Ас ца боьху шуьга цу тӀехь цхьа а мах. Суна мах балар Ӏаламийн Дена тӀехь бен дац
26:180 -
أَوْفُوا الْكَيْلَ وَلَا تَكُونُوا مِنَ الْمُخْسِرِينَ
Нийса хилийталаш /терзан/ барам‚ шу ма хилалаш /терза/ эшочарах
26:181 -
وَزِنُوا بِالْقِسْطَاسِ الْمُسْتَقِيمِ
Озалаш нийсачу терзанца
26:182 -
وَلَا تَبْخَسُوا النَّاسَ أَشْيَاءَهُمْ وَلَا تَعْثَوْا فِي الْأَرْضِ مُفْسِدِينَ
Аш ма эшаелаш нахана церан хӀуманаш‚ ма лелалаш лаьтта тӀехь боьханиг даржадеш
26:183 -
وَاتَّقُوا الَّذِي خَلَقَكُمْ وَالْجِبِلَّةَ الْأَوَّلِينَ
Шу кхералаш‚ Ша шу а‚ /шул/ хьалхалерачийн уммат а кхоьллинчух
26:184 -
قَالُوا إِنَّمَا أَنْتَ مِنَ الْمُسَحَّرِينَ
Цара элира: “Хьо шайна бозбуунчалла диначарах ву-кх
26:185 -
وَمَا أَنْتَ إِلَّا بَشَرٌ مِثْلُنَا وَإِنْ نَظُنُّكَ لَمِنَ الْكَاذِبِينَ
Хьо а ма дац адам бен‚ тхо санна долу. Тхо тешна ма ду‚ хьо харцлуьчарах ву аьлла
26:186 -
فَأَسْقِطْ عَلَيْنَا كِسَفًا مِنَ السَّمَاءِ إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ
Ахь егае тхуна кийсакаш стиглара‚ хьо велахь бакълуьйчарах”
26:187 -
قَالَ رَبِّي أَعْلَمُ بِمَا تَعْمَلُونَ
Цо элира: “Сан Кхиош-кхобург дика хууш ву-кх аш дийриг”
26:188 -
فَكَذَّبُوهُ فَأَخَذَهُمْ عَذَابُ يَوْمِ الظُّلَّةِ ۚ إِنَّهُ كَانَ عَذَابَ يَوْمٍ عَظِيمٍ
ТӀаккха цара иза харцвира‚ тӀаккха уьш схьалецира ӀиндагӀан дийнан Ӏазапо. Баккъалла а, иза хилира деза – доккхачу дийнан Ӏазап
26:189 -
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُمْ مُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хилира-кх царах дукхах берш муъмин нах
26:190 -
وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх веза верг а‚ къинхетаме верг а
26:191
Гочдар: Магомед Магомедов