Сурат 26 Аш-шуӀараъ (Назманчаш), аят 214 – 216

  1. وَأَنْذِرْ عَشِيرَتَكَ الْأَقْرَبِينَ

    Ахь хьехам бе хьуна юххера гергарчаьрга

    26:214
  2. وَاخْفِضْ جَنَاحَكَ لِمَنِ اتَّبَعَكَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ

    Хьан тӀам охьабахийта муъмин нахах хьайна тӀехьахӀоьттинчарна (кӀеда-мерза хила цаьрца)

    26:215
  3. فَإِنْ عَصَوْكَ فَقُلْ إِنِّي بَرِيءٌ مِمَّا تَعْمَلُونَ

    Цара хьуна Ӏесалла яхь‚ ахь āла: “Со цӀена ву-кх аш дечух”

    26:216

Гочдар: Магомед Магомедов