Сурат 26 Аш-шуӀараъ (Назманчаш), аят 34 – 51
-
قَالَ لِلْمَلَإِ حَوْلَهُ إِنَّ هَٰذَا لَسَاحِرٌ عَلِيمٌ
Цо (ФирӀавнас) элира шен гонахь болчу элашка: “Баккъалла а, хӀара говза волу бозбуунча ву
26:34 -
يُرِيدُ أَنْ يُخْرِجَكُمْ مِنْ أَرْضِكُمْ بِسِحْرِهِ فَمَاذَا تَأْمُرُونَ
Лууш ву и шу арадаха шун лаьттара шен бозбуунчаллица - аш хӀун омра до?”
26:35 -
قَالُوا أَرْجِهْ وَأَخَاهُ وَابْعَثْ فِي الْمَدَائِنِ حَاشِرِينَ
Цара элира: “Хан ло цунна а‚ цуьнан вешина а‚ бахийта гӀаланашка /нах/ гулбийраш
26:36 -
يَأْتُوكَ بِكُلِّ سَحَّارٍ عَلِيمٍ
Хьуна тӀе богӀийла уьш массо а говза волчу бозбуунчица”
26:37 -
فَجُمِعَ السَّحَرَةُ لِمِيقَاتِ يَوْمٍ مَعْلُومٍ
ТӀаккха гулбийра бозбуунчаш билгалчу дийнахь /тоьхначу/ хенахь
26:38 -
وَقِيلَ لِلنَّاسِ هَلْ أَنْتُمْ مُجْتَمِعُونَ
Элира нахе: “Шу гулделлий?
26:39 -
لَعَلَّنَا نَتَّبِعُ السَّحَرَةَ إِنْ كَانُوا هُمُ الْغَالِبِينَ
Вай тӀехьадаза мега бозбуунчашна, нагахь уьш хилахь тоьлларш”
26:40 -
فَلَمَّا جَاءَ السَّحَرَةُ قَالُوا لِفِرْعَوْنَ أَئِنَّ لَنَا لَأَجْرًا إِنْ كُنَّا نَحْنُ الْغَالِبِينَ
Бозбуунчаш баьхкича‚ цара элира ФирӀавне: “Тхуна, баккъалла а, мах хир буй, тхо хилахь тоьлларш?”
26:41 -
قَالَ نَعَمْ وَإِنَّكُمْ إِذًا لَمِنَ الْمُقَرَّبِينَ
Цо (ФирӀавнас) элира: “ХӀаъ‚ баккъалла а, шу тӀаккха /суна/ герга- далийначарах хир ду”
26:42 -
قَالَ لَهُمْ مُوسَىٰ أَلْقُوا مَا أَنْتُمْ مُلْقُونَ
Элира цаьрга Мусас: “Кхисса шаьш кхуьссуш ерг”
26:43 -
فَأَلْقَوْا حِبَالَهُمْ وَعِصِيَّهُمْ وَقَالُوا بِعِزَّةِ فِرْعَوْنَ إِنَّا لَنَحْنُ الْغَالِبُونَ
Цара кхиссира шайн мушаш а‚ Iáсанаш а‚ элира: “ФирӀавнан воззалица‚ баккъалла а, вай тоьлур ма ду”
26:44 -
فَأَلْقَىٰ مُوسَىٰ عَصَاهُ فَإِذَا هِيَ تَلْقَفُ مَا يَأْفِكُونَ
ТӀаккха кхоьссира Мусас шен Iáса - цо юду (кхоллу) цара мел кхуллург
26:45 -
فَأُلْقِيَ السَّحَرَةُ سَاجِدِينَ
Охьабигира бозбуунчаш, сужуд деш
26:46 -
قَالُوا آمَنَّا بِرَبِّ الْعَالَمِينَ
Цара элира: “Оха диллина Ӏаламийн Кхиош-кхобучуьнга‚
26:47 -
رَبِّ مُوسَىٰ وَهَارُونَ
Мусан а‚ ХӀарунан Кхиош-кхобучуьнга”
26:48 -
قَالَ آمَنْتُمْ لَهُ قَبْلَ أَنْ آذَنَ لَكُمْ ۖ إِنَّهُ لَكَبِيرُكُمُ الَّذِي عَلَّمَكُمُ السِّحْرَ فَلَسَوْفَ تَعْلَمُونَ ۚ لَأُقَطِّعَنَّ أَيْدِيَكُمْ وَأَرْجُلَكُمْ مِنْ خِلَافٍ وَلَأُصَلِّبَنَّكُمْ أَجْمَعِينَ
Цо (ФирӀавнас) элира: “Аш дилли ас шайна пурба далале? Баккъалла а, иза (Муса) шун воккханиг ву‚ ша шуна бозбуунчалла Ӏамийнарг‚ тӀаьхьа хуур ду шуна. Ас хаддане а дхадор ду шун куьйгаш а‚ когаш а дуьхь-дуьхьал‚ ас ирх- ухкур ма ду шу дерриге а”
26:49 -
قَالُوا لَا ضَيْرَ ۖ إِنَّا إِلَىٰ رَبِّنَا مُنْقَلِبُونَ
Цара элира: “Зен дац. Баккъалла а, тхо тхан Кхиош-кхобучуьнга дӀадоьрзур ду
26:50 -
إِنَّا نَطْمَعُ أَنْ يَغْفِرَ لَنَا رَبُّنَا خَطَايَانَا أَنْ كُنَّا أَوَّلَ الْمُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, тхо /чӀогӀа/ лууш ду тхан Кхиош–кхобучо (Дала) гечдан тхан гӀалаташ тхаш хиларна дуьххьашхалгӀа ийман диллинарш”
26:51
Гочдар: Магомед Магомедов