Сурат 26 Аш-шуӀараъ (Назманчаш), аят 52 – 67
-
وَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ أَنْ أَسْرِ بِعِبَادِي إِنَّكُمْ مُتَّبَعُونَ
Оха Мусага хаам бира вехьеца: “Сан лешца буьйсана аравала‚ аьлла‚ баккъалла а, /ФирӀавнан нах/ шуна тӀаьхьабовлур болуш ма бу”
26:52 -
فَأَرْسَلَ فِرْعَوْنُ فِي الْمَدَائِنِ حَاشِرِينَ
Бахийтира ФирӀавно гӀалашкахала гуламчаш
26:53 -
إِنَّ هَٰؤُلَاءِ لَشِرْذِمَةٌ قَلِيلُونَ
/Олуш/: “ХӀорш-м (Исраилан кӀентий) кӀеззиг йолу цхьа ледара тоба яра
26:54 -
وَإِنَّهُمْ لَنَا لَغَائِظُونَ
Баккъалла а, цара вайн дегнаш ма этӀо
26:55 -
وَإِنَّا لَجَمِيعٌ حَاذِرُونَ
Баккъалла а, вай дерриге а сема хила дезаш ма ду”
26:56 -
فَأَخْرَجْنَاهُمْ مِنْ جَنَّاتٍ وَعُيُونٍ
Оха арабехира уьш бошмашкара а‚ шовданашкара а
26:57 -
وَكُنُوزٍ وَمَقَامٍ كَرِيمٍ
Хазнашкара а‚ сийлахьчу меттигера а
26:58 -
كَذَٰلِكَ وَأَوْرَثْنَاهَا بَنِي إِسْرَائِيلَ
Иштта Оха уьш ирсана делира Исраилан кӀенташна
26:59 -
فَأَتْبَعُوهُمْ مُشْرِقِينَ
Уьш царна тӀаьхьабевлира малх кхеташ
26:60 -
فَلَمَّا تَرَاءَى الْجَمْعَانِ قَالَ أَصْحَابُ مُوسَىٰ إِنَّا لَمُدْرَكُونَ
Шина тобанна вовший гича‚ Мусан накъосташа элира: “Баккъалла а, /ФирӀавнан бӀо/ вайна тӀаьхьакхуьуш бу”
26:61 -
قَالَ كَلَّا ۖ إِنَّ مَعِيَ رَبِّي سَيَهْدِينِ
Цо (Мусас) элира: “ХӀан-хӀа! Баккъалла а, соьца сан Кхиош-кхобург ву‚ Цо нисвийр ву со”
26:62 -
فَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ أَنِ اضْرِبْ بِعَصَاكَ الْبَحْرَ ۖ فَانْفَلَقَ فَكَانَ كُلُّ فِرْقٍ كَالطَّوْدِ الْعَظِيمِ
Оха вехьеца хаийтира Мусага хьан Ӏаса тоха хӀордах‚ аьлла. ТӀаккха иза бекъабелира‚ хилира хӀор дāкъа боккхачу ламанах тера
26:63 -
وَأَزْلَفْنَا ثَمَّ الْآخَرِينَ
Оха гергабалира цига важаш а
26:64 -
وَأَنْجَيْنَا مُوسَىٰ وَمَنْ مَعَهُ أَجْمَعِينَ
Оха кӀелхьарваьккхира Муса а‚ цуьнца верг а – берриге а
26:65 -
ثُمَّ أَغْرَقْنَا الْآخَرِينَ
ТӀаккъа Оха /хӀорда/ бухабахийтира важа берш
26:66 -
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُمْ مُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх. Ца хилира царах дукхахберш ийман диллина
26:67
Гочдар: Магомед Магомедов