Сурат 26 Аш-шуӀараъ (Назманчаш), аят 60 – 66

  1. فَأَتْبَعُوهُمْ مُشْرِقِينَ

    Уьш царна тӀаьхьабевлира малх кхеташ

    26:60
  2. فَلَمَّا تَرَاءَى الْجَمْعَانِ قَالَ أَصْحَابُ مُوسَىٰ إِنَّا لَمُدْرَكُونَ

    Шина тобанна вовший гича‚ Мусан накъосташа элира: “Баккъалла а, /ФирӀавнан бӀо/ вайна тӀаьхьакхуьуш бу”

    26:61
  3. قَالَ كَلَّا ۖ إِنَّ مَعِيَ رَبِّي سَيَهْدِينِ

    Цо (Мусас) элира: “ХӀан-хӀа! Баккъалла а, соьца сан Кхиош-кхобург ву‚ Цо нисвийр ву со”

    26:62
  4. فَأَوْحَيْنَا إِلَىٰ مُوسَىٰ أَنِ اضْرِبْ بِعَصَاكَ الْبَحْرَ ۖ فَانْفَلَقَ فَكَانَ كُلُّ فِرْقٍ كَالطَّوْدِ الْعَظِيمِ

    Оха вехьеца хаийтира Мусага хьан Ӏаса тоха хӀордах‚ аьлла. ТӀаккха иза бекъабелира‚ хилира хӀор дāкъа боккхачу ламанах тера

    26:63
  5. وَأَزْلَفْنَا ثَمَّ الْآخَرِينَ

    Оха гергабалира цига важаш а

    26:64
  6. وَأَنْجَيْنَا مُوسَىٰ وَمَنْ مَعَهُ أَجْمَعِينَ

    Оха кӀелхьарваьккхира Муса а‚ цуьнца верг а – берриге а

    26:65
  7. ثُمَّ أَغْرَقْنَا الْآخَرِينَ

    ТӀаккъа Оха /хӀорда/ бухабахийтира важа берш

    26:66

Гочдар: Магомед Магомедов