Сурат 26 Аш-шуӀараъ (Назманчаш), аят 69 – 82
-
وَاتْلُ عَلَيْهِمْ نَبَأَ إِبْرَاهِيمَ
Дийца царна ИбрахӀиман хабар
26:69 -
إِذْ قَالَ لِأَبِيهِ وَقَوْمِهِ مَا تَعْبُدُونَ
Цо ма аьллера шен дега а‚ шен къоме: “Стенна Ӏибадат деш ду шу?”
26:70 -
قَالُوا نَعْبُدُ أَصْنَامًا فَنَظَلُّ لَهَا عَاكِفِينَ
Цара элира: “Тхо Ӏибадат деш ду тхан жаршна (цӀушна). Тхо лаьтта царна суждане дахна”
26:71 -
قَالَ هَلْ يَسْمَعُونَكُمْ إِذْ تَدْعُونَ
Цо элира: “Царна шу хозий аш кхойкхуш?
26:72 -
أَوْ يَنْفَعُونَكُمْ أَوْ يَضُرُّونَ
Я шуна пайда беш буй цара‚ я зен деш дуй?”
26:73 -
قَالُوا بَلْ وَجَدْنَا آبَاءَنَا كَذَٰلِكَ يَفْعَلُونَ
Цара элира: “Делахь а, тхуна карийра тхан дай иштта /гӀуллакх/ деш”
26:74 -
قَالَ أَفَرَأَيْتُمْ مَا كُنْتُمْ تَعْبُدُونَ
Цо элира: “Шуна ца го‚ шу стенна Ӏибадат деш хилла‚
26:75 -
أَنْتُمْ وَآبَاؤُكُمُ الْأَقْدَمُونَ
Шу а шун шира дай а?
26:76 -
فَإِنَّهُمْ عَدُوٌّ لِي إِلَّا رَبَّ الْعَالَمِينَ
ТӀаккха уьш мостагӀий бу-кх суна‚ Ӏаламийн Да воцург
26:77 -
الَّذِي خَلَقَنِي فَهُوَ يَهْدِينِ
Ша со кхоьллина волу‚ Цо нисвийр ву со
26:78 -
وَالَّذِي هُوَ يُطْعِمُنِي وَيَسْقِينِ
Иза ву суна даа а‚ мала а луш верг
26:79 -
وَإِذَا مَرِضْتُ فَهُوَ يَشْفِينِ
Со цомгаш хилча‚ Цо со таво
26:80 -
وَالَّذِي يُمِيتُنِي ثُمَّ يُحْيِينِ
Цо со волуьйтур ву‚ тӀаккха денвийр ву
26:81 -
وَالَّذِي أَطْمَعُ أَنْ يَغْفِرَ لِي خَطِيئَتِي يَوْمَ الدِّينِ
Иза ву суна чӀогӀа лууш верг Цо сан гӀалаташ гечдойла бекхаман дийнахь
26:82
Гочдар: Магомед Магомедов