Сурат 26 Аш-шуӀараъ (Назманчаш), аят 96 – 102
-
قَالُوا وَهُمْ فِيهَا يَخْتَصِمُونَ
Эр ду цара‚ шаьш цу чохь къуьйсуш болуш:
26:96 -
تَاللَّهِ إِنْ كُنَّا لَفِي ضَلَالٍ مُبِينٍ
“ТаллахӀи‚ тхо ма дара билгалчу тилар чохь‚
26:97 -
إِذْ نُسَوِّيكُمْ بِرَبِّ الْعَالَمِينَ
Оха шу нисдечу хенахь Ӏаламийн Деца
26:98 -
وَمَا أَضَلَّنَا إِلَّا الْمُجْرِمُونَ
Тхо тила ма ца дина къинош диначара бен
26:99 -
فَمَا لَنَا مِنْ شَافِعِينَ
Ма вац тхуна шапат дечарах цхьа а,
26:100 -
وَلَا صَدِيقٍ حَمِيمٍ
Дог цӀена доттагӀ а
26:101 -
فَلَوْ أَنَّ لَنَا كَرَّةً فَنَكُونَ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ
Тхо юха /дуьнена/ дохуьйтуш делхьара - тхо хир ма дара ийман диллнчарах”
26:102
Гочдар: Магомед Магомедов