Сурат 27 Ан-намл (Зингаташ), аят 1 – 14

  1. طس ۚ تِلْكَ آيَاتُ الْقُرْآنِ وَكِتَابٍ مُبِينٍ

    ТӀа-сūн. ХӀорш ду Къуръанан – билгалчу жайнан аяташ

    27:1
  2. هُدًى وَبُشْرَىٰ لِلْمُؤْمِنِينَ

    Шаьш нийса некъ а‚ муъмин нахана кхаъ а хилла болу

    27:2
  3. الَّذِينَ يُقِيمُونَ الصَّلَاةَ وَيُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَهُمْ بِالْآخِرَةِ هُمْ يُوقِنُونَ

    Уьш бу шаьш ламаз а хӀоттадеш‚ закат а луш‚ эхартах а шаьш /чг/ тешаш берш

    27:3
  4. إِنَّ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ زَيَّنَّا لَهُمْ أَعْمَالَهُمْ فَهُمْ يَعْمَهُونَ

    Баккъалла а, эхартах ца тешаш берш – Оха хазйина царна шайн Ӏамалш, тккха уьш /шайн тилар чохь/ дӀасауьйдуш бу

    27:4
  5. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ لَهُمْ سُوءُ الْعَذَابِ وَهُمْ فِي الْآخِرَةِ هُمُ الْأَخْسَرُونَ

    Уьш бу шайн /дуьненахь – байарца, йийсаре лийцарца/ чӀогӀа Ӏазап хир дерш, эхартахь уьш хир бу вуно тӀех эшнарш

    27:5
  6. وَإِنَّكَ لَتُلَقَّى الْقُرْآنَ مِنْ لَدُنْ حَكِيمٍ عَلِيمٍ

    Баккъалла а, /хӀай Мухьаммад/ хьуна /нуьцкъала а/ дуьйцуш ду Къуръан Ша хьукаме а‚ хууш а волчунгура

    27:6
  7. إِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِأَهْلِهِ إِنِّي آنَسْتُ نَارًا سَآتِيكُمْ مِنْهَا بِخَبَرٍ أَوْ آتِيكُمْ بِشِهَابٍ قَبَسٍ لَعَلَّكُمْ تَصْطَلُونَ

    Мусас ма элира шен доьзале: 'Суна хааели-кх цӀе‚ со шуна тӀевогӀур ву цунах цхьа хабар дахьаш‚ я ас шуна бахьар бу цхьа бēгаш болу кӀогалг – шу дохдала мегара-кх'

    27:7
  8. فَلَمَّا جَاءَهَا نُودِيَ أَنْ بُورِكَ مَنْ فِي النَّارِ وَمَنْ حَوْلَهَا وَسُبْحَانَ اللَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Иза цига веъча‚ цуьнга кхайкхира: 'Декъала хили цӀергахь верг а‚ цунна гонахь верг а‚ вонах цӀена ву Дела – Ӏаламийн Да

    27:8
  9. يَا مُوسَىٰ إِنَّهُ أَنَا اللَّهُ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    ХӀай Муса! Баккъалла а, Со веза волу, хьукаме волу Дела ву

    27:9
  10. وَأَلْقِ عَصَاكَ ۚ فَلَمَّا رَآهَا تَهْتَزُّ كَأَنَّهَا جَانٌّ وَلَّىٰ مُدْبِرًا وَلَمْ يُعَقِّبْ ۚ يَا مُوسَىٰ لَا تَخَفْ إِنِّي لَا يَخَافُ لَدَيَّ الْمُرْسَلُونَ

    Охьакхосса хьан Ӏаса'. Шена иза (Ӏаса) гича етталуш, текхарг санна‚ и (Муса) дӀаведира‚ юха а ца вирзира. 'ХӀай Муса! Ма кхера. Ца кхоьру Суна гергахь элчанаш

    27:10
  11. إِلَّا مَنْ ظَلَمَ ثُمَّ بَدَّلَ حُسْنًا بَعْدَ سُوءٍ فَإِنِّي غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Зулам динарг а бен. ТӀаккха цо ша динчу вонан метта диканиг дахь, – тӀаккха баккъалла а, Со тх гечдийриг а‚ къинхетам бийриг а ву-кх

    27:11
  12. وَأَدْخِلْ يَدَكَ فِي جَيْبِكَ تَخْرُجْ بَيْضَاءَ مِنْ غَيْرِ سُوءٍ ۖ فِي تِسْعِ آيَاتٍ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَقَوْمِهِ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ

    Хьан че долла хьан куьг – ахь схьадоккхур ду иза кӀайделла, цхьа а хало а йоцуш‚ ФирӀавне а‚ цуьнан къоме а долчу исс /Ӏаламатий/ чохь /цхьа Ӏаламат ду иза/. Баккъалла а, уьш хили песакх къам

    27:12
  13. فَلَمَّا جَاءَتْهُمْ آيَاتُنَا مُبْصِرَةً قَالُوا هَٰذَا سِحْرٌ مُبِينٌ

    Шайга гучудевлла Тхан аяташ деъча‚ цара элира: 'ХӀара билгала бозбуунчалла ду!'

    27:13
  14. وَجَحَدُوا بِهَا وَاسْتَيْقَنَتْهَا أَنْفُسُهُمْ ظُلْمًا وَعُلُوًّا ۚ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُفْسِدِينَ

    Зулам дарца а‚ куралла ярца а керстадира цара уьш‚ шаьш /дагца/ тешнехь а /уьш Делера хиларх/. Хьажал‚ муха хилла пасад хманаш (вон мел дерг) лелош болчеран тӀаьхье?

    27:14

Гочдар: Магомед Магомедов