Сурат 27 Ан-намл (Зингаташ)

  1. طس ۚ تِلْكَ آيَاتُ الْقُرْآنِ وَكِتَابٍ مُبِينٍ

    ТIа-сūн. ХIорш ду Къуръанан – билгалчу жайнан аяташ

    27:1
  2. هُدًى وَبُشْرَىٰ لِلْمُؤْمِنِينَ

    Шаьш нийса некъ а‚ муъмин нахана кхаъ а хилла болу

    27:2
  3. الَّذِينَ يُقِيمُونَ الصَّلَاةَ وَيُؤْتُونَ الزَّكَاةَ وَهُمْ بِالْآخِرَةِ هُمْ يُوقِنُونَ

    Уьш бу шаьш ламаз а хIоттадеш‚ закат а луш‚ эхартах а шаьш /чг/ тешаш берш

    27:3
  4. إِنَّ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ زَيَّنَّا لَهُمْ أَعْمَالَهُمْ فَهُمْ يَعْمَهُونَ

    Баккъалла а, эхартах ца тешаш берш – Оха хазйина царна шайн Iамалш, тккха уьш /шайн тилар чохь/ дIасауьйдуш бу

    27:4
  5. أُولَٰئِكَ الَّذِينَ لَهُمْ سُوءُ الْعَذَابِ وَهُمْ فِي الْآخِرَةِ هُمُ الْأَخْسَرُونَ

    Уьш бу шайн /дуьненахь – байарца, йийсаре лийцарца/ чIогIа Iазап хир дерш, эхартахь уьш хир бу вуно тIех эшнарш

    27:5
  6. وَإِنَّكَ لَتُلَقَّى الْقُرْآنَ مِنْ لَدُنْ حَكِيمٍ عَلِيمٍ

    Баккъалла а, /хIай Мухьаммад/ хьуна /нуьцкъала а/ дуьйцуш ду Къуръан Ша хьукаме а‚ хууш а волчунгура

    27:6
  7. إِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِأَهْلِهِ إِنِّي آنَسْتُ نَارًا سَآتِيكُمْ مِنْهَا بِخَبَرٍ أَوْ آتِيكُمْ بِشِهَابٍ قَبَسٍ لَعَلَّكُمْ تَصْطَلُونَ

    Мусас ма элира шен доьзале: 'Суна хааели-кх цIе‚ со шуна тIевогIур ву цунах цхьа хабар дахьаш‚ я ас шуна бахьар бу цхьа бēгаш болу кIогалг – шу дохдала мегара-кх'

    27:7
  8. فَلَمَّا جَاءَهَا نُودِيَ أَنْ بُورِكَ مَنْ فِي النَّارِ وَمَنْ حَوْلَهَا وَسُبْحَانَ اللَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Иза цига веъча‚ цуьнга кхайкхира: 'Декъала хили цIергахь верг а‚ цунна гонахь верг а‚ вонах цIена ву Дела – Iаламийн Да

    27:8
  9. يَا مُوسَىٰ إِنَّهُ أَنَا اللَّهُ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    ХIай Муса! Баккъалла а, Со веза волу, хьукаме волу Дела ву

    27:9
  10. وَأَلْقِ عَصَاكَ ۚ فَلَمَّا رَآهَا تَهْتَزُّ كَأَنَّهَا جَانٌّ وَلَّىٰ مُدْبِرًا وَلَمْ يُعَقِّبْ ۚ يَا مُوسَىٰ لَا تَخَفْ إِنِّي لَا يَخَافُ لَدَيَّ الْمُرْسَلُونَ

    Охьакхосса хьан Iаса'. Шена иза (Iаса) гича етталуш, текхарг санна‚ и (Муса) дIаведира‚ юха а ца вирзира. 'ХIай Муса! Ма кхера. Ца кхоьру Суна гергахь элчанаш

    27:10
  11. إِلَّا مَنْ ظَلَمَ ثُمَّ بَدَّلَ حُسْنًا بَعْدَ سُوءٍ فَإِنِّي غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Зулам динарг а бен. ТIаккха цо ша динчу вонан метта диканиг дахь, – тIаккха баккъалла а, Со тх гечдийриг а‚ къинхетам бийриг а ву-кх

    27:11
  12. وَأَدْخِلْ يَدَكَ فِي جَيْبِكَ تَخْرُجْ بَيْضَاءَ مِنْ غَيْرِ سُوءٍ ۖ فِي تِسْعِ آيَاتٍ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَقَوْمِهِ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ

    Хьан че долла хьан куьг – ахь схьадоккхур ду иза кIайделла, цхьа а хало а йоцуш‚ ФирIавне а‚ цуьнан къоме а долчу исс /Iаламатий/ чохь /цхьа Iаламат ду иза/. Баккъалла а, уьш хили песакх къам

    27:12
  13. فَلَمَّا جَاءَتْهُمْ آيَاتُنَا مُبْصِرَةً قَالُوا هَٰذَا سِحْرٌ مُبِينٌ

    Шайга гучудевлла Тхан аяташ деъча‚ цара элира: 'ХIара билгала бозбуунчалла ду!'

    27:13
  14. وَجَحَدُوا بِهَا وَاسْتَيْقَنَتْهَا أَنْفُسُهُمْ ظُلْمًا وَعُلُوًّا ۚ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُفْسِدِينَ

    Зулам дарца а‚ куралла ярца а керстадира цара уьш‚ шаьш /дагца/ тешнехь а /уьш Делера хиларх/. Хьажал‚ муха хилла пасад хманаш (вон мел дерг) лелош болчеран тIаьхье?

    27:14
  15. وَلَقَدْ آتَيْنَا دَاوُودَ وَسُلَيْمَانَ عِلْمًا ۖ وَقَالَا الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي فَضَّلَنَا عَلَىٰ كَثِيرٍ مِنْ عِبَادِهِ الْمُؤْمِنِينَ

    Оха делира Давуде а‚ Сулеймане а Iилма. Цу шиммо элира: 'Хастам бу Далла‚ Ша тхо даздинчу дукха болчу Шен тешаш болчу лешех'

    27:15
  16. وَوَرِثَ سُلَيْمَانُ دَاوُودَ ۖ وَقَالَ يَا أَيُّهَا النَّاسُ عُلِّمْنَا مَنْطِقَ الطَّيْرِ وَأُوتِينَا مِنْ كُلِّ شَيْءٍ ۖ إِنَّ هَٰذَا لَهُوَ الْفَضْلُ الْمُبِينُ

    Сулеймана ийцира Давудан ирс‚ цо элира: 'ХIай нах! Тхуна Iамийна олхазарийн мотт‚ тхуна делла массо а хIуманах /ниIматаш/. Баккъалла а, иза билгала дозалла ду-кх'

    27:16
  17. وَحُشِرَ لِسُلَيْمَانَ جُنُودُهُ مِنَ الْجِنِّ وَالْإِنْسِ وَالطَّيْرِ فَهُمْ يُوزَعُونَ

    Гулдира Сулейманна жинех а‚ адамех а‚ олхазарех а долу цуьнан эскар тIаккха иза (эскар) дийкъира (могIаршкахь)

    27:17
  18. حَتَّىٰ إِذَا أَتَوْا عَلَىٰ وَادِ النَّمْلِ قَالَتْ نَمْلَةٌ يَا أَيُّهَا النَّمْلُ ادْخُلُوا مَسَاكِنَكُمْ لَا يَحْطِمَنَّكُمْ سُلَيْمَانُ وَجُنُودُهُ وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

    Уьш зингатийн боьрана тIе кхаьчча‚ элира /цхьана/ зингато: 'ХIай зингаташ! Чудовлалаш шайн баннашна‚ шу хьеша ма хьешахьара Сулеймана а‚ цуьнан эскаро а‚ шайна хаа ца луш'

    27:18
  19. فَتَبَسَّمَ ضَاحِكًا مِنْ قَوْلِهَا وَقَالَ رَبِّ أَوْزِعْنِي أَنْ أَشْكُرَ نِعْمَتَكَ الَّتِي أَنْعَمْتَ عَلَيَّ وَعَلَىٰ وَالِدَيَّ وَأَنْ أَعْمَلَ صَالِحًا تَرْضَاهُ وَأَدْخِلْنِي بِرَحْمَتِكَ فِي عِبَادِكَ الصَّالِحِينَ

    Иза велакъежира цуьнан /зингатан/ дешах‚ элира: 'Сан Дела‚ Ахь суна таро лолахь хам бан Хьан ниIматана‚ Айхьа суна а‚ сан дена - нанна а делла долчу‚ Хьо шена реза волу дика Iамал ян а. Со дIатохалахь Хьан къинхетамца дикачу лешна юкъа'

    27:19
  20. وَتَفَقَّدَ الطَّيْرَ فَقَالَ مَا لِيَ لَا أَرَى الْهُدْهُدَ أَمْ كَانَ مِنَ الْغَائِبِينَ

    Иза волавелира олхазарш лēха‚ тIаккха элира: 'Суна хIуттут хIунда ца го‚ я йоцучарах хили иза?

    27:20

Гочдар: Магомед Магомедов