Сурат 27 Ан-намл (Зингаташ), аят 15 – 31

  1. وَلَقَدْ آتَيْنَا دَاوُودَ وَسُلَيْمَانَ عِلْمًا ۖ وَقَالَا الْحَمْدُ لِلَّهِ الَّذِي فَضَّلَنَا عَلَىٰ كَثِيرٍ مِنْ عِبَادِهِ الْمُؤْمِنِينَ

    Оха делира Давуде а‚ Сулеймане а Ӏилма. Цу шиммо элира: 'Хастам бу Далла‚ Ша тхо даздинчу дукха болчу Шен тешаш болчу лешех'

    27:15
  2. وَوَرِثَ سُلَيْمَانُ دَاوُودَ ۖ وَقَالَ يَا أَيُّهَا النَّاسُ عُلِّمْنَا مَنْطِقَ الطَّيْرِ وَأُوتِينَا مِنْ كُلِّ شَيْءٍ ۖ إِنَّ هَٰذَا لَهُوَ الْفَضْلُ الْمُبِينُ

    Сулеймана ийцира Давудан ирс‚ цо элира: 'ХӀай нах! Тхуна Ӏамийна олхазарийн мотт‚ тхуна делла массо а хӀуманах /ниӀматаш/. Баккъалла а, иза билгала дозалла ду-кх'

    27:16
  3. وَحُشِرَ لِسُلَيْمَانَ جُنُودُهُ مِنَ الْجِنِّ وَالْإِنْسِ وَالطَّيْرِ فَهُمْ يُوزَعُونَ

    Гулдира Сулейманна жинех а‚ адамех а‚ олхазарех а долу цуьнан эскар тӀаккха иза (эскар) дийкъира (могӀаршкахь)

    27:17
  4. حَتَّىٰ إِذَا أَتَوْا عَلَىٰ وَادِ النَّمْلِ قَالَتْ نَمْلَةٌ يَا أَيُّهَا النَّمْلُ ادْخُلُوا مَسَاكِنَكُمْ لَا يَحْطِمَنَّكُمْ سُلَيْمَانُ وَجُنُودُهُ وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

    Уьш зингатийн боьрана тӀе кхаьчча‚ элира /цхьана/ зингато: 'ХӀай зингаташ! Чудовлалаш шайн баннашна‚ шу хьеша ма хьешахьара Сулеймана а‚ цуьнан эскаро а‚ шайна хаа ца луш'

    27:18
  5. فَتَبَسَّمَ ضَاحِكًا مِنْ قَوْلِهَا وَقَالَ رَبِّ أَوْزِعْنِي أَنْ أَشْكُرَ نِعْمَتَكَ الَّتِي أَنْعَمْتَ عَلَيَّ وَعَلَىٰ وَالِدَيَّ وَأَنْ أَعْمَلَ صَالِحًا تَرْضَاهُ وَأَدْخِلْنِي بِرَحْمَتِكَ فِي عِبَادِكَ الصَّالِحِينَ

    Иза велакъежира цуьнан /зингатан/ дешах‚ элира: 'Сан Дела‚ Ахь суна таро лолахь хам бан Хьан ниӀматана‚ Айхьа суна а‚ сан дена - нанна а делла долчу‚ Хьо шена реза волу дика Ӏамал ян а. Со дӀатохалахь Хьан къинхетамца дикачу лешна юкъа'

    27:19
  6. وَتَفَقَّدَ الطَّيْرَ فَقَالَ مَا لِيَ لَا أَرَى الْهُدْهُدَ أَمْ كَانَ مِنَ الْغَائِبِينَ

    Иза волавелира олхазарш лēха‚ тӀаккха элира: 'Суна хӀуттут хӀунда ца го‚ я йоцучарах хили иза?

    27:20
  7. لَأُعَذِّبَنَّهُ عَذَابًا شَدِيدًا أَوْ لَأَذْبَحَنَّهُ أَوْ لَيَأْتِيَنِّي بِسُلْطَانٍ مُبِينٍ

    Ас данне а Ӏазап дийр ма ду цунна чӀогӀа Ӏазап‚ я ас хьакханне а урс хьокхур ма ду цунна‚ я суна /ша бехке цахиларан/ цхьа билгала делил дахьар ма ду цо'

    27:21
  8. فَمَكَثَ غَيْرَ بَعِيدٍ فَقَالَ أَحَطْتُ بِمَا لَمْ تُحِطْ بِهِ وَجِئْتُكَ مِنْ سَبَإٍ بِنَبَإٍ يَقِينٍ

    Жимма хан ялийтина /еъначу хӀуттуто/ элира: 'Суна хиира хьуна ца хиънарг‚ ас беана хьуна Сабаъара бакъболу хаам

    27:22
  9. إِنِّي وَجَدْتُ امْرَأَةً تَمْلِكُهُمْ وَأُوتِيَتْ مِنْ كُلِّ شَيْءٍ وَلَهَا عَرْشٌ عَظِيمٌ

    Баккъалла а, суна карийна /цхьа/ зуда‚ ша царна тӀехь паччахьалла деш йолу‚ цунна делла массо а хӀуманах (паччахьалла‚ ниӀмат‚ беркат‚ хазалла…), цуьнан сийлахь-йоккха Ӏарш а ю

    27:23
  10. وَجَدْتُهَا وَقَوْمَهَا يَسْجُدُونَ لِلشَّمْسِ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَزَيَّنَ لَهُمُ الشَّيْطَانُ أَعْمَالَهُمْ فَصَدَّهُمْ عَنِ السَّبِيلِ فَهُمْ لَا يَهْتَدُونَ

    Суна карийна иза а‚ цуьнан къам а сужуд деш малхана‚ Дела а витина. Хазйина царна шайтӀано шайн Ӏамалш‚ цо дӀатилина уьш /нийсачу/ некъах уьш нис ца ло (уьш нийсачу новкъа ца хтту)

    27:24
  11. أَلَّا يَسْجُدُوا لِلَّهِ الَّذِي يُخْرِجُ الْخَبْءَ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَيَعْلَمُ مَا تُخْفُونَ وَمَا تُعْلِنُونَ

    Цара сужуд хӀунда ца до-те Далла‚ Ша Ӏорадоккхуш волчу хьулделларг стигланашкахь а‚ латтахь а‚ Шена хууш волчу аш къайладоккхург а‚ аш дӀахьедориг а?

    27:25
  12. اللَّهُ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ رَبُّ الْعَرْشِ الْعَظِيمِ ۩

    АллахӀ (ц йолу цхьа) Дела ву‚ кхин дела вац‚ Иза воцург‚ сийлахь-йоккхачу Ӏаршан Да ву/Иза/'

    27:26
  13. قَالَ سَنَنْظُرُ أَصَدَقْتَ أَمْ كُنْتَ مِنَ الْكَاذِبِينَ

    Цо (Сулеймана) элира: 'Вай хьовсур ду‚ бакъ лийна-те хьо‚ я хьо хилла-те харцлуьйчарах?

    27:27
  14. اذْهَبْ بِكِتَابِي هَٰذَا فَأَلْقِهْ إِلَيْهِمْ ثُمَّ تَوَلَّ عَنْهُمْ فَانْظُرْ مَاذَا يَرْجِعُونَ

    Хьада‚ хӀара сан кехат эций дӀагӀо‚ царна хьалха кхосса иза‚ тӀаккха царна юьстахдала‚ хьажа‚ цара хӀун юхадерзадо'

    27:28
  15. قَالَتْ يَا أَيُّهَا الْمَلَأُ إِنِّي أُلْقِيَ إِلَيَّ كِتَابٌ كَرِيمٌ

    Цо элира: 'ХӀай‚ элийн тоба‚ баккъалла а, кхаьчна соьга сийлахь долу кехат

    27:29
  16. إِنَّهُ مِنْ سُلَيْمَانَ وَإِنَّهُ بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَٰنِ الرَّحِيمِ

    Баккъалла а, иза ду Сулейманера‚ цо /дуьйцу-кх/: 'Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цӀарца

    27:30
  17. أَلَّا تَعْلُوا عَلَيَّ وَأْتُونِي مُسْلِمِينَ

    Шу лакхадовла ма гӀерта сол‚ суна тӀе дуьйла, муьтхь а хилий (Дела цхьаъ веш)'

    27:31

Гочдар: Магомед Магомедов