Сурат 27 Ан-намл (Зингаташ), аят 32 – 44
-
قَالَتْ يَا أَيُّهَا الْمَلَأُ أَفْتُونِي فِي أَمْرِي مَا كُنْتُ قَاطِعَةً أَمْرًا حَتَّىٰ تَشْهَدُونِ
Цо (Билкъисо) элира: 'ХӀай элийн тоба! Сацам бе суна сан гӀуллакха тӀехь. Со ца хилла-кх цхьа а гллакх хададеш‚ шуца дагайолуш бен'
27:32 -
قَالُوا نَحْنُ أُولُو قُوَّةٍ وَأُولُو بَأْسٍ شَدِيدٍ وَالْأَمْرُ إِلَيْكِ فَانْظُرِي مَاذَا تَأْمُرِينَ
Цара элира: 'Вай ницкъ болуш а ду‚ чӀогӀа хьуьнар долуш а ду‚ ткъа гӀуллакх хьоьгахь ду-кх. Хьажахь ткъа‚ хӀун омра до ахь -/оха кхочушдийр ду иза/'
27:33 -
قَالَتْ إِنَّ الْمُلُوكَ إِذَا دَخَلُوا قَرْيَةً أَفْسَدُوهَا وَجَعَلُوا أَعِزَّةَ أَهْلِهَا أَذِلَّةً ۖ وَكَذَٰلِكَ يَفْعَلُونَ
Цо элира: 'Баккъалла а, паччахьаша шаьш юьртана чубаьхкича‚ йохайо иза‚ цуьнан охӀлах сийлахь берш сийсазбоху цара. Иштта до цара
27:34 -
وَإِنِّي مُرْسِلَةٌ إِلَيْهِمْ بِهَدِيَّةٍ فَنَاظِرَةٌ بِمَ يَرْجِعُ الْمُرْسَلُونَ
Баккъалла а, ас дохьуьйту царна (СулеймангӀарна) совгӀат‚ тӀаккха хьожур ю‚ стенца юхабоьрзу бахийтинарш'
27:35 -
فَلَمَّا جَاءَ سُلَيْمَانَ قَالَ أَتُمِدُّونَنِ بِمَالٍ فَمَا آتَانِيَ اللَّهُ خَيْرٌ مِمَّا آتَاكُمْ بَلْ أَنْتُمْ بِهَدِيَّتِكُمْ تَفْرَحُونَ
Иза (Билкъиса ваийтинарг) Сулейман волчу веъча‚ цо (Сулейманас) элира: 'Со даьхница хьоле во аш? Дала суна делларг дика ма ду Цо шуна деллачул а‚ делахь а, шу шайн совгӀатаца даккхийдеш ду-кх
27:36 -
ارْجِعْ إِلَيْهِمْ فَلَنَأْتِيَنَّهُمْ بِجُنُودٍ لَا قِبَلَ لَهُمْ بِهَا وَلَنُخْرِجَنَّهُمْ مِنْهَا أَذِلَّةً وَهُمْ صَاغِرُونَ
Юхаверза царна тӀе‚ тхо догӀур ду царна тӀе эскарца‚ шеца уьш ларалур боцчу‚ Оха арабохур бу уьш цу чуьра (шайн махкара) сийсаза хилла‚ уьш кӀелбуьсур бу'
27:37 -
قَالَ يَا أَيُّهَا الْمَلَأُ أَيُّكُمْ يَأْتِينِي بِعَرْشِهَا قَبْلَ أَنْ يَأْتُونِي مُسْلِمِينَ
Цо (Сулеймана) элира: 'ХӀай элийн тоба! Шух муьлха догӀур дара суна тӀе цуьнан (Билкъисан) Ӏарш яхьаш‚ уьш суна тӀе бахкале муьтхь а хилла?'
27:38 -
قَالَ عِفْرِيتٌ مِنَ الْجِنِّ أَنَا آتِيكَ بِهِ قَبْلَ أَنْ تَقُومَ مِنْ مَقَامِكَ ۖ وَإِنِّي عَلَيْهِ لَقَوِيٌّ أَمِينٌ
Жинех уггар /нуьцкъала/ долчу Ӏифрито элира: 'Со догӀур ду хьуна тӀе цуьнца‚ хьо хьан меттигера хьалагӀаттале. Со цу тӀехь нуьцкъала а‚ тешаме а ду'
27:39 -
قَالَ الَّذِي عِنْدَهُ عِلْمٌ مِنَ الْكِتَابِ أَنَا آتِيكَ بِهِ قَبْلَ أَنْ يَرْتَدَّ إِلَيْكَ طَرْفُكَ ۚ فَلَمَّا رَآهُ مُسْتَقِرًّا عِنْدَهُ قَالَ هَٰذَا مِنْ فَضْلِ رَبِّي لِيَبْلُوَنِي أَأَشْكُرُ أَمْ أَكْفُرُ ۖ وَمَنْ شَكَرَ فَإِنَّمَا يَشْكُرُ لِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ كَفَرَ فَإِنَّ رَبِّي غَنِيٌّ كَرِيمٌ
Шегахь жайнан Ӏилма долчо элира: 'Со вогӀур ву хьуна тӀе цуьнца‚ ахь бӀаьрганегӀар тохале'. Шена иза (Билкъисан Ӏарш) гича‚ шена хьалхахь лаьтташ‚ цо (Сулеймана) элира: 'ХӀара сан Кхиош-кхобучун дозаллах ду‚ Цо со зерхьама‚ баркалла олу ас я инкарло йо. Баркалла олучо цо шен дуьхьа олуш ду‚ инкарло ечо баккъалла а, сан Кхиош-кхобург хьал долуш а ву‚ сийлахь а ву'
27:40 -
قَالَ نَكِّرُوا لَهَا عَرْشَهَا نَنْظُرْ أَتَهْتَدِي أَمْ تَكُونُ مِنَ الَّذِينَ لَا يَهْتَدُونَ
Цо элира: 'Хийцам бе цуьнан Ӏарша тӀехь‚ вай хьовсур‚ евзий цунна иза‚ я хир ю-те иза и ца евзачарах. '
27:41 -
فَلَمَّا جَاءَتْ قِيلَ أَهَٰكَذَا عَرْشُكِ ۖ قَالَتْ كَأَنَّهُ هُوَ ۚ وَأُوتِينَا الْعِلْمَ مِنْ قَبْلِهَا وَكُنَّا مُسْلِمِينَ
Иза (Билкъис) еъча, элира /цуьнга/: 'Иштта юй хьан Ӏарш?' Цо элира: 'Иза йолчух тера ю хӀара'. /Сулеймана элира шена Билкъисехь Ӏилма дуйла хиъначул тӀаьхьа/: 'Тхуна Ӏилма деллера цунчул (Билкъисал) хьалха‚ тхо муьтӀахь хилира /Далла/'
27:42 -
وَصَدَّهَا مَا كَانَتْ تَعْبُدُ مِنْ دُونِ اللَّهِ ۖ إِنَّهَا كَانَتْ مِنْ قَوْمٍ كَافِرِينَ
Иза (Билкъис) юхатуьйхира /цхьана Далла Ӏибадат дарах/ цо, Иза а витина, кхечунна Ӏибадат даро. Баккъалла а, иза ма яра ца тешачу къомах
27:43 -
قِيلَ لَهَا ادْخُلِي الصَّرْحَ ۖ فَلَمَّا رَأَتْهُ حَسِبَتْهُ لُجَّةً وَكَشَفَتْ عَنْ سَاقَيْهَا ۚ قَالَ إِنَّهُ صَرْحٌ مُمَرَّدٌ مِنْ قَوَارِيرَ ۗ قَالَتْ رَبِّ إِنِّي ظَلَمْتُ نَفْسِي وَأَسْلَمْتُ مَعَ سُلَيْمَانَ لِلَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Элира цуьнга: 'Чоьхьаяла гӀалина!' Шена иза (гла) гича‚ цунна моттаделира иза алссам хи ду‚ цо шен настарш гучуехира. Цо (Сулеймана) элира: 'Баккъалла а, иза гӀала ю къегинчу аьнгалех йина'. Цо (Билкъисо) элира: 'Со Кхиош-кхобург‚ бакъалла а, ас зулам ма дина сайна. /Хнца/ муьтхь хили со Сулейманаца цхьана /цхьаъ волчу/ Далла Ӏаламийн Дена'
27:44
Гочдар: Магомед Магомедов