Сурат 27 Ан-намл (Зингаташ), аят 45 – 53

  1. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا إِلَىٰ ثَمُودَ أَخَاهُمْ صَالِحًا أَنِ اعْبُدُوا اللَّهَ فَإِذَا هُمْ فَرِيقَانِ يَخْتَصِمُونَ

    Оха вахийтира Самудашка церан ваша Салихь‚ Далла Ӏибадат де‚ аьлла уьш‚ ши тоба а хилла‚ къийса буьйлабелира

    27:45
  2. قَالَ يَا قَوْمِ لِمَ تَسْتَعْجِلُونَ بِالسَّيِّئَةِ قَبْلَ الْحَسَنَةِ ۖ لَوْلَا تَسْتَغْفِرُونَ اللَّهَ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ

    Цо элира: 'Хй сан къам‚ шу хӀунда сихло вониг /дарца/ диканиг /дарал/ хьалха? Гечдар дехахьара аш Деле‚ шух къинхетам бан там бара'

    27:46
  3. قَالُوا اطَّيَّرْنَا بِكَ وَبِمَنْ مَعَكَ ۚ قَالَ طَائِرُكُمْ عِنْدَ اللَّهِ ۖ بَلْ أَنْتُمْ قَوْمٌ تُفْتَنُونَ

    Цара элира: 'Хьо а‚ хьоьца берш бахьанехь тхуна вон билгалонаш хааелла'. Цо элира: 'Шун дāкъа (диканиг я вониг) Далла гергахь ду. ХӀаъ‚ шу ду-кх питане лоьцуш долу къам'

    27:47
  4. وَكَانَ فِي الْمَدِينَةِ تِسْعَةُ رَهْطٍ يُفْسِدُونَ فِي الْأَرْضِ وَلَا يُصْلِحُونَ

    Цу гӀалахь хиллера исс стаг‚ лаьттахь боьханиг даржадеш волу‚ диканиг а ца деш

    27:48
  5. قَالُوا تَقَاسَمُوا بِاللَّهِ لَنُبَيِّتَنَّهُ وَأَهْلَهُ ثُمَّ لَنَقُولَنَّ لِوَلِيِّهِ مَا شَهِدْنَا مَهْلِكَ أَهْلِهِ وَإِنَّا لَصَادِقُونَ

    Цара элира: 'Вовшашна дуйнаш баа Делаца‚ вай буьйсана войур ву иза а (Салихь)‚ цуьнан доьзал а‚ тӀаккха эр вай цуьнан верасе: 'Тхо дацара цуьнан доьзал хӀаллакхуьлучахь‚ тхо бакълуьйш ма ду'

    27:49
  6. وَمَكَرُوا مَكْرًا وَمَكَرْنَا مَكْرًا وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ

    Мекарло йира цара мекарлонца‚ Оха йира /церан мекарлонна дуьхьал/ мекарло мекарлонца‚ царна ца хаалуш

    27:50
  7. فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ مَكْرِهِمْ أَنَّا دَمَّرْنَاهُمْ وَقَوْمَهُمْ أَجْمَعِينَ

    Хьажал‚ муха хилла церан мекарлонан тӀаьхье: Оха этра уьш а‚ церан къам а берриге а

    27:51
  8. فَتِلْكَ بُيُوتُهُمْ خَاوِيَةً بِمَا ظَلَمُوا ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِقَوْمٍ يَعْلَمُونَ

    ХӀорш ду церан цӀенош‚ доьхна лаьтташ‚ цара зулам дина хиларна. Баккъалла а, цу чохь делил ду-кх ша хууш долчу къомана

    27:52
  9. وَأَنْجَيْنَا الَّذِينَ آمَنُوا وَكَانُوا يَتَّقُونَ

    Оха кӀелхьарбехира ийман диллина хилларш‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш

    27:53

Гочдар: Магомед Магомедов