Сурат 27 Ан-намл (Зингаташ), аят 48 – 51
-
وَكَانَ فِي الْمَدِينَةِ تِسْعَةُ رَهْطٍ يُفْسِدُونَ فِي الْأَرْضِ وَلَا يُصْلِحُونَ
Цу гӀалахь хиллера исс стаг‚ лаьттахь боьханиг даржадеш волу‚ диканиг а ца деш
27:48 -
قَالُوا تَقَاسَمُوا بِاللَّهِ لَنُبَيِّتَنَّهُ وَأَهْلَهُ ثُمَّ لَنَقُولَنَّ لِوَلِيِّهِ مَا شَهِدْنَا مَهْلِكَ أَهْلِهِ وَإِنَّا لَصَادِقُونَ
Цара элира: 'Вовшашна дуйнаш баа Делаца‚ вай буьйсана войур ву иза а (Салихь)‚ цуьнан доьзал а‚ тӀаккха эр вай цуьнан верасе: 'Тхо дацара цуьнан доьзал хӀаллакхуьлучахь‚ тхо бакълуьйш ма ду'
27:49 -
وَمَكَرُوا مَكْرًا وَمَكَرْنَا مَكْرًا وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
Мекарло йира цара мекарлонца‚ Оха йира /церан мекарлонна дуьхьал/ мекарло мекарлонца‚ царна ца хаалуш
27:50 -
فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ مَكْرِهِمْ أَنَّا دَمَّرْنَاهُمْ وَقَوْمَهُمْ أَجْمَعِينَ
Хьажал‚ муха хилла церан мекарлонан тӀаьхье: Оха этра уьш а‚ церан къам а берриге а
27:51
Гочдар: Магомед Магомедов