Сурат 27 Ан-намл (Зингаташ), аят 59 – 66

  1. قُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ وَسَلَامٌ عَلَىٰ عِبَادِهِ الَّذِينَ اصْطَفَىٰ ۗ آللَّهُ خَيْرٌ أَمَّا يُشْرِكُونَ

    Ахь āла /хӀай Мухьаммад/: 'Хастам бу Далла‚ салам ду Цуьнан лешна‚ Цо хаьржина хиллачарна. И АллахДела тоьлу‚ я цара /Цуьнца/ лаьцна накъостий тоьлу?

    27:59
  2. أَمَّنْ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَأَنْزَلَ لَكُمْ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَنْبَتْنَا بِهِ حَدَائِقَ ذَاتَ بَهْجَةٍ مَا كَانَ لَكُمْ أَنْ تُنْبِتُوا شَجَرَهَا ۗ أَإِلَٰهٌ مَعَ اللَّهِ ۚ بَلْ هُمْ قَوْمٌ يَعْدِلُونَ

    Я мила ву Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг‚ шуна стиглара хи а даийтинарг? Оха ялийтина цуьнца (догӀица) бошмаш‚ шайца хазалла а йолуш‚ аш ма долуьйтара дацара цуьнца (цу хица) дитт. Кхин дела ву /цу/ АллахӀаца цхьана? ХӀаъ‚ уьш ду къам‚ ша /Делаца кхиберш/ нисбеш

    27:60
  3. أَمَّنْ جَعَلَ الْأَرْضَ قَرَارًا وَجَعَلَ خِلَالَهَا أَنْهَارًا وَجَعَلَ لَهَا رَوَاسِيَ وَجَعَلَ بَيْنَ الْبَحْرَيْنِ حَاجِزًا ۗ أَإِلَٰهٌ مَعَ اللَّهِ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْلَمُونَ

    Я мила ву Ша латта хилийтинарг чӀагӀо хилла‚ юккъехула хин татолаш динарг‚ цу тӀехь лаьмнаш динарг‚ шина хӀорда юккъехь дуьхьало йинарг? Кхин дела ву АллахӀаца цхьана? ХӀаъ‚ царах дукхахберш ца хууш бу-кх

    27:61
  4. أَمَّنْ يُجِيبُ الْمُضْطَرَّ إِذَا دَعَاهُ وَيَكْشِفُ السُّوءَ وَيَجْعَلُكُمْ خُلَفَاءَ الْأَرْضِ ۗ أَإِلَٰهٌ مَعَ اللَّهِ ۚ قَلِيلًا مَا تَذَكَّرُونَ

    Я мила ву Ша жоп луш верг шена гӀело хиллачунна, цо Шега кхайкхича‚ и зулам дӀадоккхуш верг‚ шу хуьлуьйтуш верг лаьттан дай? Кхин дела ву АллахӀаца цхьана? Ма кӀеззиг ойла йо-кх аш

    27:62
  5. أَمَّنْ يَهْدِيكُمْ فِي ظُلُمَاتِ الْبَرِّ وَالْبَحْرِ وَمَنْ يُرْسِلُ الرِّيَاحَ بُشْرًا بَيْنَ يَدَيْ رَحْمَتِهِ ۗ أَإِلَٰهٌ مَعَ اللَّهِ ۚ تَعَالَى اللَّهُ عَمَّا يُشْرِكُونَ

    Я мила ву Ша шу нисдеш верг аренан а‚ хӀордан а боданашкахь‚ Ша мох бохуьйтуш верг кхаъ хилла /догӀа дарна/ Шен къинхетамал хьалха? Кхин дела ву АллахӀаца цхьана? Лакхавели Дела цара /Шеца/ накъост лацарх

    27:63
  6. أَمَّنْ يَبْدَأُ الْخَلْقَ ثُمَّ يُعِيدُهُ وَمَنْ يَرْزُقُكُمْ مِنَ السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ ۗ أَإِلَٰهٌ مَعَ اللَّهِ ۚ قُلْ هَاتُوا بُرْهَانَكُمْ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Я мила ву Ша кхоллар долош верг‚ тӀаккха иза карладоккхург‚ мила ву шуна рицкъ луш верг стиглара а‚ латтара а? Кхин дела ву АллахӀаца цхьана? Ахь āла: 'Даладе шайн делил‚ шаьш хиллехь бакълуьйш'

    27:64
  7. قُلْ لَا يَعْلَمُ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ الْغَيْبَ إِلَّا اللَّهُ ۚ وَمَا يَشْعُرُونَ أَيَّانَ يُبْعَثُونَ

    Āла: 'Ца хаьа стиглахь волчунна а‚ лаьттахь волчунна а къайлахь дерг, Ша Дела воцчунна'. Царна хаалур дац, шаьш маца дендийр ду

    27:65
  8. بَلِ ادَّارَكَ عِلْمُهُمْ فِي الْآخِرَةِ ۚ بَلْ هُمْ فِي شَكٍّ مِنْهَا ۖ بَلْ هُمْ مِنْهَا عَمُونَ

    ТӀекхиъний церан хаарш эхартана? ХӀаъ‚ уьш шеконехь бу цунах. ХӀаъ‚ уьш цунах бӀаьрса дайна бу

    27:66

Гочдар: Магомед Магомедов