Сурат 27 Ан-намл (Зингаташ), аят 67 – 82

  1. وَقَالَ الَّذِينَ كَفَرُوا أَإِذَا كُنَّا تُرَابًا وَآبَاؤُنَا أَئِنَّا لَمُخْرَجُونَ

    Элира цатешначара: 'Тхох а‚ тхан дайх а латта хилча‚ тхо арадохур долуш ду /кешнашкара/?

    27:67
  2. لَقَدْ وُعِدْنَا هَٰذَا نَحْنُ وَآبَاؤُنَا مِنْ قَبْلُ إِنْ هَٰذَا إِلَّا أَسَاطِيرُ الْأَوَّلِينَ

    ЧӀагӀо йинера хӀокхунца тхуна а‚ тхан дайшна а хьалха а. Иза-м хьалхалерачеран туьйранаш бен дац'

    27:68
  3. قُلْ سِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَانْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُجْرِمِينَ

    Ахь āла: 'Дсалела лаьттахула‚ хьовса‚ муха хилла къинош диначеран тӀаьхье'

    27:69
  4. وَلَا تَحْزَنْ عَلَيْهِمْ وَلَا تَكُنْ فِي ضَيْقٍ مِمَّا يَمْكُرُونَ

    Ахь са ма гаттаде царна‚ ма хила халонехь цара ечу мекарлонех

    27:70
  5. وَيَقُولُونَ مَتَىٰ هَٰذَا الْوَعْدُ إِنْ كُنْتُمْ صَادِقِينَ

    Цара олу: 'Маца хир ю и ваӀда, шу бакълуьйш хиллехь'

    27:71
  6. قُلْ عَسَىٰ أَنْ يَكُونَ رَدِفَ لَكُمْ بَعْضُ الَّذِي تَسْتَعْجِلُونَ

    Ахь āла: 'Шуна тьхьадеъна хила тарло цхьацца аш сихдеш дерш'

    27:72
  7. وَإِنَّ رَبَّكَ لَذُو فَضْلٍ عَلَى النَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَشْكُرُونَ

    Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобург дозалла долуш ма ву нахана тӀехь‚ делахь а, царах дукхахболчара баркалла ца олу-кх

    27:73
  8. وَإِنَّ رَبَّكَ لَيَعْلَمُ مَا تُكِنُّ صُدُورُهُمْ وَمَا يُعْلِنُونَ

    Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобург Ша хууш ву-кх церан дегнаша хьулдеш дерг а‚ цара дӀахьедориг а

    27:74
  9. وَمَا مِنْ غَائِبَةٍ فِي السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ إِلَّا فِي كِتَابٍ مُبِينٍ

    Дац цхьа а къайлаха дерг стиглахь а‚ лаьттахь а билгалчу жайна чохь /яздина/ долуш бен

    27:75
  10. إِنَّ هَٰذَا الْقُرْآنَ يَقُصُّ عَلَىٰ بَنِي إِسْرَائِيلَ أَكْثَرَ الَّذِي هُمْ فِيهِ يَخْتَلِفُونَ

    Баккъалла а, хӀокху Къуръано дуьйцу Исраилан кӀенташна церан шена чохь хилпало йолчух дукхахдерш

    27:76
  11. وَإِنَّهُ لَهُدًى وَرَحْمَةٌ لِلْمُؤْمِنِينَ

    Баккъалла а, иза нийса некъ бу‚ къинхетам а бу муъмин нахана

    27:77
  12. إِنَّ رَبَّكَ يَقْضِي بَيْنَهُمْ بِحُكْمِهِ ۚ وَهُوَ الْعَزِيزُ الْعَلِيمُ

    Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь Шен хьукамца. Иза веза верг а ву‚ хууш верг а ву

    27:78
  13. فَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ ۖ إِنَّكَ عَلَى الْحَقِّ الْمُبِينِ

    Хьо тӀетовжа Далла. Баккъалла а, хьо билгалчу бакъдолчунна тӀехь ма ву

    27:79
  14. إِنَّكَ لَا تُسْمِعُ الْمَوْتَىٰ وَلَا تُسْمِعُ الصُّمَّ الدُّعَاءَ إِذَا وَلَّوْا مُدْبِرِينَ

    Баккъалла а, ахь /хӀумма а/ хозуьйтур дац беллачарна‚ ахь кхайкхар хозуьйтур дац къора болчарна, уьш юхабевла дӀабевдича

    27:80
  15. وَمَا أَنْتَ بِهَادِي الْعُمْيِ عَنْ ضَلَالَتِهِمْ ۖ إِنْ تُسْمِعُ إِلَّا مَنْ يُؤْمِنُ بِآيَاتِنَا فَهُمْ مُسْلِمُونَ

    Хьо ма вац нисбеш верг бӀаьрса доцурш шайн тиларх. Ахь хозуьйтур ду деккъа Тхан аятех тешаш болчарна – тӀаккха уьш бу муьтхь берш

    27:81
  16. وَإِذَا وَقَعَ الْقَوْلُ عَلَيْهِمْ أَخْرَجْنَا لَهُمْ دَابَّةً مِنَ الْأَرْضِ تُكَلِّمُهُمْ أَنَّ النَّاسَ كَانُوا بِآيَاتِنَا لَا يُوقِنُونَ

    Царна дош тӀедоьжча‚ Оха лаьттан кийрара схьадоккхур ду царна бежана‚ цо цаьрца къамел а деш, баккъалла а, нах Тхан аятех ца тешаш хилла, аьлла

    27:82

Гочдар: Магомед Магомедов