Сурат 27 Ан-намл (Зингаташ), аят 7 – 12

  1. إِذْ قَالَ مُوسَىٰ لِأَهْلِهِ إِنِّي آنَسْتُ نَارًا سَآتِيكُمْ مِنْهَا بِخَبَرٍ أَوْ آتِيكُمْ بِشِهَابٍ قَبَسٍ لَعَلَّكُمْ تَصْطَلُونَ

    Мусас ма элира шен доьзале: 'Суна хааели-кх цӀе‚ со шуна тӀевогӀур ву цунах цхьа хабар дахьаш‚ я ас шуна бахьар бу цхьа бēгаш болу кӀогалг – шу дохдала мегара-кх'

    27:7
  2. فَلَمَّا جَاءَهَا نُودِيَ أَنْ بُورِكَ مَنْ فِي النَّارِ وَمَنْ حَوْلَهَا وَسُبْحَانَ اللَّهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Иза цига веъча‚ цуьнга кхайкхира: 'Декъала хили цӀергахь верг а‚ цунна гонахь верг а‚ вонах цӀена ву Дела – Ӏаламийн Да

    27:8
  3. يَا مُوسَىٰ إِنَّهُ أَنَا اللَّهُ الْعَزِيزُ الْحَكِيمُ

    ХӀай Муса! Баккъалла а, Со веза волу, хьукаме волу Дела ву

    27:9
  4. وَأَلْقِ عَصَاكَ ۚ فَلَمَّا رَآهَا تَهْتَزُّ كَأَنَّهَا جَانٌّ وَلَّىٰ مُدْبِرًا وَلَمْ يُعَقِّبْ ۚ يَا مُوسَىٰ لَا تَخَفْ إِنِّي لَا يَخَافُ لَدَيَّ الْمُرْسَلُونَ

    Охьакхосса хьан Ӏаса'. Шена иза (Ӏаса) гича етталуш, текхарг санна‚ и (Муса) дӀаведира‚ юха а ца вирзира. 'ХӀай Муса! Ма кхера. Ца кхоьру Суна гергахь элчанаш

    27:10
  5. إِلَّا مَنْ ظَلَمَ ثُمَّ بَدَّلَ حُسْنًا بَعْدَ سُوءٍ فَإِنِّي غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Зулам динарг а бен. ТӀаккха цо ша динчу вонан метта диканиг дахь, – тӀаккха баккъалла а, Со тх гечдийриг а‚ къинхетам бийриг а ву-кх

    27:11
  6. وَأَدْخِلْ يَدَكَ فِي جَيْبِكَ تَخْرُجْ بَيْضَاءَ مِنْ غَيْرِ سُوءٍ ۖ فِي تِسْعِ آيَاتٍ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَقَوْمِهِ ۚ إِنَّهُمْ كَانُوا قَوْمًا فَاسِقِينَ

    Хьан че долла хьан куьг – ахь схьадоккхур ду иза кӀайделла, цхьа а хало а йоцуш‚ ФирӀавне а‚ цуьнан къоме а долчу исс /Ӏаламатий/ чохь /цхьа Ӏаламат ду иза/. Баккъалла а, уьш хили песакх къам

    27:12

Гочдар: Магомед Магомедов