Сурат 27 Ан-намл (Зингаташ), аят 80 – 81
-
إِنَّكَ لَا تُسْمِعُ الْمَوْتَىٰ وَلَا تُسْمِعُ الصُّمَّ الدُّعَاءَ إِذَا وَلَّوْا مُدْبِرِينَ
Баккъалла а, ахь /хIумма а/ хозуьйтур дац беллачарна‚ ахь кхайкхар хозуьйтур дац къора болчарна, уьш юхабевла дIабевдича
27:80 -
وَمَا أَنْتَ بِهَادِي الْعُمْيِ عَنْ ضَلَالَتِهِمْ ۖ إِنْ تُسْمِعُ إِلَّا مَنْ يُؤْمِنُ بِآيَاتِنَا فَهُمْ مُسْلِمُونَ
Хьо ма вац нисбеш верг бIаьрса доцурш шайн тиларх. Ахь хозуьйтур ду деккъа Тхан аятех тешаш болчарна – тIаккха уьш бу муьтхь берш
27:81
Гочдар: Магомед Магомедов