Сурат 27 Ан-намл (Зингаташ), аят 83 – 93

  1. وَيَوْمَ نَحْشُرُ مِنْ كُلِّ أُمَّةٍ فَوْجًا مِمَّنْ يُكَذِّبُ بِآيَاتِنَا فَهُمْ يُوزَعُونَ

    /Ахь хьахаде/: оцу дийнахь Оха гулйийр ю хӀор умматах Тхан аяташ харцдеш хиллачух тоба уьш дӀаса- нисбийр бу

    27:83
  2. حَتَّىٰ إِذَا جَاءُوا قَالَ أَكَذَّبْتُمْ بِآيَاتِي وَلَمْ تُحِيطُوا بِهَا عِلْمًا أَمَّاذَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    ТӀаккха уьш /хьесап дечу меттиге/ беъча‚ /Дала/ эр ду: 'Аш харцдира Сан аяташ? Шу ма дацара шайгахь /уьш харцдан/ Ӏилма долуш а‚ хӀун Ӏамал еш хиллера шу?'

    27:84
  3. وَوَقَعَ الْقَوْلُ عَلَيْهِمْ بِمَا ظَلَمُوا فَهُمْ لَا يَنْطِقُونَ

    ТӀедуьйжира царна тӀе /Ӏазап бакъхиларан/ дош цара шайгара зулам далийтарна‚ уьш бист ца хуьлу

    27:85
  4. أَلَمْ يَرَوْا أَنَّا جَعَلْنَا اللَّيْلَ لِيَسْكُنُوا فِيهِ وَالنَّهَارَ مُبْصِرًا ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ

    Царна ца го-те Оха хилийтина хилар буьйса‚ шайна чохь садаӀан‚ де а серладаккха. Баккъалла а, цу чохь билгалонаш ма ю тешаш долчу къомана

    27:86
  5. وَيَوْمَ يُنْفَخُ فِي الصُّورِ فَفَزِعَ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَمَنْ فِي الْأَرْضِ إِلَّا مَنْ شَاءَ اللَّهُ ۚ وَكُلٌّ أَتَوْهُ دَاخِرِينَ

    Оцу дийнахь сур локхур ю кхоьрур ву стигланашкахь мел верг а‚ лаьттахь мел верг а, Далла лиънарг воцург. Массо а Цунна тӀе вогӀур ву муьтхь а хилла

    27:87
  6. وَتَرَى الْجِبَالَ تَحْسَبُهَا جَامِدَةً وَهِيَ تَمُرُّ مَرَّ السَّحَابِ ۚ صُنْعَ اللَّهِ الَّذِي أَتْقَنَ كُلَّ شَيْءٍ ۚ إِنَّهُ خَبِيرٌ بِمَا تَفْعَلُونَ

    Хьуна гур ду лаьмнаш‚ хьуна шаьш Ӏуьллуш ду моьттуш амма уьш дӀасалелаш хир ду, мархаш санна Делан кхоллар ду иза‚ Ша массо а хӀуманна хьукам динчу. Баккъалла а, Иза аш дийриг дика хууш верг ву-кх

    27:88
  7. مَنْ جَاءَ بِالْحَسَنَةِ فَلَهُ خَيْرٌ مِنْهَا وَهُمْ مِنْ فَزَعٍ يَوْمَئِذٍ آمِنُونَ

    Дикачуьнца веънарг цунна цул диканиг /ша деъначух/ хир ду‚ уьш кхерамах оцу дийнахь маьрша хир бу

    27:89
  8. وَمَنْ جَاءَ بِالسَّيِّئَةِ فَكُبَّتْ وُجُوهُهُمْ فِي النَّارِ هَلْ تُجْزَوْنَ إِلَّا مَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ

    Вочуьнца веънарг юьхь цӀарга ерзийна хир ю цуьнан. Аш еш хиллачу Ӏамалашца бен бекхам хир буй шуна?

    27:90
  9. إِنَّمَا أُمِرْتُ أَنْ أَعْبُدَ رَبَّ هَٰذِهِ الْبَلْدَةِ الَّذِي حَرَّمَهَا وَلَهُ كُلُّ شَيْءٍ ۖ وَأُمِرْتُ أَنْ أَكُونَ مِنَ الْمُسْلِمِينَ

    Суна омра дина хӀокха /Макка/ гӀалин Дена Ӏибадат де аьлла‚ Ша иза хьарам йина йолчу‚ Цуьнан ду массо а хӀума а. Суна омра дина со муьтхь хиллачарах хила‚ аьлла

    27:91
  10. وَأَنْ أَتْلُوَ الْقُرْآنَ ۖ فَمَنِ اهْتَدَىٰ فَإِنَّمَا يَهْتَدِي لِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ ضَلَّ فَقُلْ إِنَّمَا أَنَا مِنَ الْمُنْذِرِينَ

    Къуръан деша аьлла а‚ нисвелларг /цу КӀуръана тӀе/ иза нислуш ву шена. /Нах ийманах/ тилошболчуьнга ахь āла: 'Со кхерам тосучарах ву'

    27:92
  11. وَقُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ سَيُرِيكُمْ آيَاتِهِ فَتَعْرِفُونَهَا ۚ وَمَا رَبُّكَ بِغَافِلٍ عَمَّا تَعْمَلُونَ

    Ахь āла: 'Хастам бу Далла. Цо гойтур ду шуна Шен аяташ тӀаккха шуна уьш девзар ду. Хьан Кхиош-кхобург ма вац аш дийриг тидаме ца оьцуш'

    27:93

Гочдар: Магомед Магомедов