Сурат 28 Аль-къасас (Дийцар)

  1. فَخَسَفْنَا بِهِ وَبِدَارِهِ الْأَرْضَ فَمَا كَانَ لَهُ مِنْ فِئَةٍ يَنْصُرُونَهُ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُنْتَصِرِينَ

    Оха латта бухавахийтира иза а‚ цуьнан цIа а. Ца хилира цунна цхьа а гIо деш тоба Далла дуьхьал‚ ца хилира иза а шена гIо дечарах

    28:81
  2. وَأَصْبَحَ الَّذِينَ تَمَنَّوْا مَكَانَهُ بِالْأَمْسِ يَقُولُونَ وَيْكَأَنَّ اللَّهَ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ وَيَقْدِرُ ۖ لَوْلَا أَنْ مَنَّ اللَّهُ عَلَيْنَا لَخَسَفَ بِنَا ۖ وَيْكَأَنَّهُ لَا يُفْلِحُ الْكَافِرُونَ

    Цуьнан меттиг шайна селхана езаш берш бисира олуш: 'ОхI! Дала рицкъ даржош ду Шен лех Шена луучунна‚ барам а бо /кIеззиг луш/. Дала вайх къинхетам ца бинехьара‚ латта бухадахна хир дара вай а. ЭхI! Баккхий ца боь /Делах/ цатешарш'

    28:82
  3. تِلْكَ الدَّارُ الْآخِرَةُ نَجْعَلُهَا لِلَّذِينَ لَا يُرِيدُونَ عُلُوًّا فِي الْأَرْضِ وَلَا فَسَادًا ۚ وَالْعَاقِبَةُ لِلْمُتَّقِينَ

    И эхартан хIусам Оха хуьлуьйтур ю лаьттахь лакхалла а‚ пасад ца дезачарна. ТIаьхье /Делах/ кхоьручарна ю

    28:83
  4. مَنْ جَاءَ بِالْحَسَنَةِ فَلَهُ خَيْرٌ مِنْهَا ۖ وَمَنْ جَاءَ بِالسَّيِّئَةِ فَلَا يُجْزَى الَّذِينَ عَمِلُوا السَّيِّئَاتِ إِلَّا مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Дикачуьнца веъначунна цунна цул а диканиг ду. Вочуьнца веънарг вонаш диначарна бекхам хир бац цара деш хилларг а бен

    28:84
  5. إِنَّ الَّذِي فَرَضَ عَلَيْكَ الْقُرْآنَ لَرَادُّكَ إِلَىٰ مَعَادٍ ۚ قُلْ رَبِّي أَعْلَمُ مَنْ جَاءَ بِالْهُدَىٰ وَمَنْ هُوَ فِي ضَلَالٍ مُبِينٍ

    Баккъалла а, хьуна Къуръан тIе диллинчо хьо юхаверзор ма ву юхавоьрзучу меттиге. Ахь āла: 'Сан Кхиош-кхобучунна хаьа-кх нисчу новкъа веънарг а‚ билгалчу тиларчохь верг а'

    28:85
  6. وَمَا كُنْتَ تَرْجُو أَنْ يُلْقَىٰ إِلَيْكَ الْكِتَابُ إِلَّا رَحْمَةً مِنْ رَبِّكَ ۖ فَلَا تَكُونَنَّ ظَهِيرًا لِلْكَافِرِينَ

    Хьо ма вацара дог дохуш хьайга жайна даларе хьан Кхиош-кхобучуьнгара къинхетам хилла а бен. Хьо хиллане а ма хилалахь /Делах/ цатешачарна гIоьнча

    28:86
  7. وَلَا يَصُدُّنَّكَ عَنْ آيَاتِ اللَّهِ بَعْدَ إِذْ أُنْزِلَتْ إِلَيْكَ ۖ وَادْعُ إِلَىٰ رَبِّكَ ۖ وَلَا تَكُونَنَّ مِنَ الْمُشْرِكِينَ

    Хьо духа ма тухийла Делан аятех уьш хьоьга доьссинчул тIаьхьа. Хьан Кхиош-кхобучуьнга кхайкха! Хьо хиллане а ма хилалахь /Делаца/ накъост лоцучарах (мушрикунех)

    28:87
  8. وَلَا تَدْعُ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ ۘ لَا إِلَٰهَ إِلَّا هُوَ ۚ كُلُّ شَيْءٍ هَالِكٌ إِلَّا وَجْهَهُ ۚ لَهُ الْحُكْمُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ

    Ахь ма кхайкхалахь Делаца кхин деле. Кхин дела вац хьуна Иза бен. Массо а хIума хIаллакхир ю хьуна Цуьнан юьхь йоцург‚ Цуьнан ду хьукам‚ Цунна тIе юхадерзор долуш ду шу а

    28:88

Гочдар: Магомед Магомедов