Мусхаф., агӏо 395

  1. قَالَ إِنَّمَا أُوتِيتُهُ عَلَىٰ عِلْمٍ عِنْدِي ۚ أَوَلَمْ يَعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ قَدْ أَهْلَكَ مِنْ قَبْلِهِ مِنَ الْقُرُونِ مَنْ هُوَ أَشَدُّ مِنْهُ قُوَّةً وَأَكْثَرُ جَمْعًا ۚ وَلَا يُسْأَلُ عَنْ ذُنُوبِهِمُ الْمُجْرِمُونَ

    Цо (Къāрýна) элира: 'Иза (хьал‚ даьхни) суна делла соьгара Iилма бахьанехь'. Цунна ца хаьа-те Дала хIинцале мел /дуккха/ тIаьхьенаш хIаллакйина цул хьалха‚ цул ницкъаца мелхо а чIогIа йолуш‚ гулдарца (хьал‚ даьхни) мелхо а алсам йолуш. Шайн къинойх лаьцна хоьттур а дац къиношдечаьрга (Далла и дика хаьа дела)

    28:78
  2. فَخَرَجَ عَلَىٰ قَوْمِهِ فِي زِينَتِهِ ۖ قَالَ الَّذِينَ يُرِيدُونَ الْحَيَاةَ الدُّنْيَا يَا لَيْتَ لَنَا مِثْلَ مَا أُوتِيَ قَارُونُ إِنَّهُ لَذُو حَظٍّ عَظِيمٍ

    Иза (Къāрýн) араваьлира шен къомана тIе шен хазаллехь. Дуьненан дахар дезачара элира: 'ЭхI! Тхуна делахьара Къāрýнна делларг! Баккъалла а, ма деза-доккха дāкъа долуш ву-кх иза!'

    28:79
  3. وَقَالَ الَّذِينَ أُوتُوا الْعِلْمَ وَيْلَكُمْ ثَوَابُ اللَّهِ خَيْرٌ لِمَنْ آمَنَ وَعَمِلَ صَالِحًا وَلَا يُلَقَّاهَا إِلَّا الصَّابِرُونَ

    Шайна Iилма деллачара элира: 'Декъаза ма довла! Делан ял дика ю ийман диллинчунна а‚ дика Iамал йинчунна а. Иза дуьхьалкхетар ма яц собар диничарна а бен' /и хаза бекхам/

    28:80
  4. فَخَسَفْنَا بِهِ وَبِدَارِهِ الْأَرْضَ فَمَا كَانَ لَهُ مِنْ فِئَةٍ يَنْصُرُونَهُ مِنْ دُونِ اللَّهِ وَمَا كَانَ مِنَ الْمُنْتَصِرِينَ

    Оха латта бухавахийтира иза а‚ цуьнан цIа а. Ца хилира цунна цхьа а гIо деш тоба Далла дуьхьал‚ ца хилира иза а шена гIо дечарах

    28:81
  5. وَأَصْبَحَ الَّذِينَ تَمَنَّوْا مَكَانَهُ بِالْأَمْسِ يَقُولُونَ وَيْكَأَنَّ اللَّهَ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ وَيَقْدِرُ ۖ لَوْلَا أَنْ مَنَّ اللَّهُ عَلَيْنَا لَخَسَفَ بِنَا ۖ وَيْكَأَنَّهُ لَا يُفْلِحُ الْكَافِرُونَ

    Цуьнан меттиг шайна селхана езаш берш бисира олуш: 'ОхI! Дала рицкъ даржош ду Шен лех Шена луучунна‚ барам а бо /кIеззиг луш/. Дала вайх къинхетам ца бинехьара‚ латта бухадахна хир дара вай а. ЭхI! Баккхий ца боь /Делах/ цатешарш'

    28:82
  6. تِلْكَ الدَّارُ الْآخِرَةُ نَجْعَلُهَا لِلَّذِينَ لَا يُرِيدُونَ عُلُوًّا فِي الْأَرْضِ وَلَا فَسَادًا ۚ وَالْعَاقِبَةُ لِلْمُتَّقِينَ

    И эхартан хIусам Оха хуьлуьйтур ю лаьттахь лакхалла а‚ пасад ца дезачарна. ТIаьхье /Делах/ кхоьручарна ю

    28:83
  7. مَنْ جَاءَ بِالْحَسَنَةِ فَلَهُ خَيْرٌ مِنْهَا ۖ وَمَنْ جَاءَ بِالسَّيِّئَةِ فَلَا يُجْزَى الَّذِينَ عَمِلُوا السَّيِّئَاتِ إِلَّا مَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Дикачуьнца веъначунна цунна цул а диканиг ду. Вочуьнца веънарг вонаш диначарна бекхам хир бац цара деш хилларг а бен

    28:84

Гочдар: Магомед Магомедов