Сурат 29 Аль-Iанкабут (Гезг)
-
وَلَئِنْ سَأَلْتَهُمْ مَنْ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَسَخَّرَ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ لَيَقُولُنَّ اللَّهُ ۖ فَأَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ
Ахь цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ лаьтта а‚ хьан болх бойтуш бу малхе а‚ батте а‚ аьлла‚ цара аланне а эр ду хьуна: 'Дала'. Ткъа муха Iехийна /дIахьовзийна/ уьш /бакъдолчух/!
29:61 -
اللَّهُ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ وَيَقْدِرُ لَهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Дала шортта ло рицкъ Шен лех Шена луучунна‚ Цо барам а бо цунна /кIеззиг луш/. Баккъалла а, Дела массо а хIума хууш верг ву
29:62 -
وَلَئِنْ سَأَلْتَهُمْ مَنْ نَزَّلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَحْيَا بِهِ الْأَرْضَ مِنْ بَعْدِ مَوْتِهَا لَيَقُولُنَّ اللَّهُ ۚ قُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْقِلُونَ
Ахь цаьрга хаьттича‚ хьан доссош дара стиглара хи‚ цуьнца латта дендина и деллачул тIаьхьа, аьлла‚ цара аланне а эр ду хьуна: 'Дала'. Ахь āла: 'Хастам бу Далла'. ХIаъ‚ царах дукхахберш кхеташ бац
29:63 -
وَمَا هَٰذِهِ الْحَيَاةُ الدُّنْيَا إِلَّا لَهْوٌ وَلَعِبٌ ۚ وَإِنَّ الدَّارَ الْآخِرَةَ لَهِيَ الْحَيَوَانُ ۚ لَوْ كَانُوا يَعْلَمُونَ
ХIара дуьненан дахар-м дац эрна хан яйар а‚ ловзар а бен. Баккъалла а, эхартан цIа иза ду дахар, уьш хууш хиллехь!
29:64 -
فَإِذَا رَكِبُوا فِي الْفُلْكِ دَعَوُا اللَّهَ مُخْلِصِينَ لَهُ الدِّينَ فَلَمَّا نَجَّاهُمْ إِلَى الْبَرِّ إِذَا هُمْ يُشْرِكُونَ
Шаьш кемана тIе хиъча, цара Деле кхойкху, шаьш Цунна дин цIандеш. Цо уьш аренга кIелхьарбаьхча, цара /Цуьнца/ накъост лоцу
29:65 -
لِيَكْفُرُوا بِمَا آتَيْنَاهُمْ وَلِيَتَمَتَّعُوا ۖ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ
Керстадархьама Оха шайн делларг‚ зовкх хьегархьама а. ТIаьхьа хуур ду царна
29:66 -
أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّا جَعَلْنَا حَرَمًا آمِنًا وَيُتَخَطَّفُ النَّاسُ مِنْ حَوْلِهِمْ ۚ أَفَبِالْبَاطِلِ يُؤْمِنُونَ وَبِنِعْمَةِ اللَّهِ يَكْفُرُونَ
Царна ца го-те‚ Оха ма йина Хьарам кхерам боцуш (тешаме)‚ ткъа царна (Маккан бахархойн) гонахь /йолчу кхечу ярташкахь/ нах луьйцуш (зуламаш деш)? Ткъа харцдолчух теша уьш‚ Делан ниIмат керстадо?
29:67 -
وَمَنْ أَظْلَمُ مِمَّنِ افْتَرَىٰ عَلَى اللَّهِ كَذِبًا أَوْ كَذَّبَ بِالْحَقِّ لَمَّا جَاءَهُ ۚ أَلَيْسَ فِي جَهَنَّمَ مَثْوًى لِلْكَافِرِينَ
Мила ву вуно зуламе Далла тIехь харцдерг кхуллучул‚ я бакъдерг, шега и деъначул тIаьхьа, харцдеш волчул? Ткъа жоьжахатина чохь /Iан/ меттиг яц керстанашна?
29:68 -
وَالَّذِينَ جَاهَدُوا فِينَا لَنَهْدِيَنَّهُمْ سُبُلَنَا ۚ وَإِنَّ اللَّهَ لَمَعَ الْمُحْسِنِينَ
Тхайгахь къахьегнарш уьш нисбийр бу Оха Тхан некъана тIе. Баккъалла а, Дела ву-кх дикачаьрца
29:69
Гочдар: Магомед Магомедов