Мусхаф., агӏо 403
-
وَيَسْتَعْجِلُونَكَ بِالْعَذَابِ ۚ وَلَوْلَا أَجَلٌ مُسَمًّى لَجَاءَهُمُ الْعَذَابُ وَلَيَأْتِيَنَّهُمْ بَغْتَةً وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
Хьо сихво цара Iазап даийтарехь. Тоьхна хан ца хиллехьара, цаьрга догIур дара и Iазап‚ цаьрга данне а догIур ду иза цIеххьана, царна хаа ца луш
29:53 -
يَسْتَعْجِلُونَكَ بِالْعَذَابِ وَإِنَّ جَهَنَّمَ لَمُحِيطَةٌ بِالْكَافِرِينَ
Хьо сихво цара Iазап даийтарехь амма жоьжахати го бийр болуш ма ю цатешачарна
29:54 -
يَوْمَ يَغْشَاهُمُ الْعَذَابُ مِنْ فَوْقِهِمْ وَمِنْ تَحْتِ أَرْجُلِهِمْ وَيَقُولُ ذُوقُوا مَا كُنْتُمْ تَعْمَلُونَ
Оцу дийнахь Iазапо хьулбийр бу уьш шайна тIехула а‚ шайн когий бухахула а. Цо эр ду: 'Iовша шаьш деш хилларг!'
29:55 -
يَا عِبَادِيَ الَّذِينَ آمَنُوا إِنَّ أَرْضِي وَاسِعَةٌ فَإِيَّايَ فَاعْبُدُونِ
ХIай Сан ийман диллина леш! Сан латта шортта ду‚ /деккъа/ Суна Iибадат дейша
29:56 -
كُلُّ نَفْسٍ ذَائِقَةُ الْمَوْتِ ۖ ثُمَّ إِلَيْنَا تُرْجَعُونَ
Хр сино валар Iовшур ду. ТIаккха Тхуна тIе шу юхадерзор ду
29:57 -
وَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَنُبَوِّئَنَّهُمْ مِنَ الْجَنَّةِ غُرَفًا تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ خَالِدِينَ فِيهَا ۚ نِعْمَ أَجْرُ الْعَامِلِينَ
Ийман диллинарш‚ дика Iамалаш йинарш уьш чуховжор бу Оха ялсаманера цIеношка‚ шайна бухахула хиш оьхуш долчу‚ цу чохь уьш гуттар хир бу дика ял ю иза Iамал йиначеран‚
29:58 -
الَّذِينَ صَبَرُوا وَعَلَىٰ رَبِّهِمْ يَتَوَكَّلُونَ
Шаьш собар дина болчу‚ шайн Кхиош-кхобучунна тIе тевжаш болчу
29:59 -
وَكَأَيِّنْ مِنْ دَابَّةٍ لَا تَحْمِلُ رِزْقَهَا اللَّهُ يَرْزُقُهَا وَإِيَّاكُمْ ۚ وَهُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
Мел дийнат ду шен рицкъ ца хьош Дала рицкъ ло цунна а‚ шуна а. Иза хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву
29:60 -
وَلَئِنْ سَأَلْتَهُمْ مَنْ خَلَقَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضَ وَسَخَّرَ الشَّمْسَ وَالْقَمَرَ لَيَقُولُنَّ اللَّهُ ۖ فَأَنَّىٰ يُؤْفَكُونَ
Ахь цаьрга хаьттича‚ хьан кхоьллина стигланаш а‚ лаьтта а‚ хьан болх бойтуш бу малхе а‚ батте а‚ аьлла‚ цара аланне а эр ду хьуна: 'Дала'. Ткъа муха Iехийна /дIахьовзийна/ уьш /бакъдолчух/!
29:61 -
اللَّهُ يَبْسُطُ الرِّزْقَ لِمَنْ يَشَاءُ مِنْ عِبَادِهِ وَيَقْدِرُ لَهُ ۚ إِنَّ اللَّهَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Дала шортта ло рицкъ Шен лех Шена луучунна‚ Цо барам а бо цунна /кIеззиг луш/. Баккъалла а, Дела массо а хIума хууш верг ву
29:62 -
وَلَئِنْ سَأَلْتَهُمْ مَنْ نَزَّلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَحْيَا بِهِ الْأَرْضَ مِنْ بَعْدِ مَوْتِهَا لَيَقُولُنَّ اللَّهُ ۚ قُلِ الْحَمْدُ لِلَّهِ ۚ بَلْ أَكْثَرُهُمْ لَا يَعْقِلُونَ
Ахь цаьрга хаьттича‚ хьан доссош дара стиглара хи‚ цуьнца латта дендина и деллачул тIаьхьа, аьлла‚ цара аланне а эр ду хьуна: 'Дала'. Ахь āла: 'Хастам бу Далла'. ХIаъ‚ царах дукхахберш кхеташ бац
29:63
Гочдар: Магомед Магомедов