Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 1 – 7
-
الم
Алиф-лᾱм-мῡм
2:1 -
ذَٰلِكَ الْكِتَابُ لَا رَيْبَ ۛ فِيهِ ۛ هُدًى لِلْمُتَّقِينَ
ХӀара жайна, цу чохь шеко яц, нийса некъ бу /Делах/ кхоьруш болчарна
2:2 -
الَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِالْغَيْبِ وَيُقِيمُونَ الصَّلَاةَ وَمِمَّا رَزَقْنَاهُمْ يُنْفِقُونَ
Уьш бу хьуламех долчух тешаш берш, ламаз хӀоттош берш, Оха шайна деллачу рицкъанна тӀера /дикачу агр/ харжаш а еш берш
2:3 -
وَالَّذِينَ يُؤْمِنُونَ بِمَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ وَمَا أُنْزِلَ مِنْ قَبْلِكَ وَبِالْآخِرَةِ هُمْ يُوقِنُونَ
Ишттанаш а бу уьш, тешаш, хьоьга доссийначух (Къуръанах) а, хьоьга доссийначул хьалха диссийначех а, эхартах а уьш чг тешаш бу
2:4 -
أُولَٰئِكَ عَلَىٰ هُدًى مِنْ رَبِّهِمْ ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ
Уьш бу шайн Кхиош-кхобучуьнгара нийсачу новкъахь‚ уьш бу баккхийбийраш
2:5 -
إِنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا سَوَاءٌ عَلَيْهِمْ أَأَنْذَرْتَهُمْ أَمْ لَمْ تُنْذِرْهُمْ لَا يُؤْمِنُونَ
Баккъалла а, ца тешаш берш – царна бен дац ахь шайна кхерам тесча а‚ ца тесча а‚ уьш тешар бац
2:6 -
خَتَمَ اللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ وَعَلَىٰ سَمْعِهِمْ ۖ وَعَلَىٰ أَبْصَارِهِمْ غِشَاوَةٌ ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
Церан дегнаш а‚ лергаш а, мухӀар а тоьхна, дӀакъевлина‚ церан бӀаьргашна дуьхьал кирхьа ду‚ царна хир ду деза доккха Ӏазап
2:7
Гочдар: Магомед Магомедов