Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 7
-
خَتَمَ اللَّهُ عَلَىٰ قُلُوبِهِمْ وَعَلَىٰ سَمْعِهِمْ ۖ وَعَلَىٰ أَبْصَارِهِمْ غِشَاوَةٌ ۖ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
Церан дегнаш а‚ лергаш а, мухIар а тоьхна, дIакъевлина‚ церан бIаьргашна дуьхьал кирхьа ду‚ царна хир ду деза доккха Iазап
2:7
Гочдар: Магомед Магомедов