Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 177

  1. لَيْسَ الْبِرَّ أَنْ تُوَلُّوا وُجُوهَكُمْ قِبَلَ الْمَشْرِقِ وَالْمَغْرِبِ وَلَٰكِنَّ الْبِرَّ مَنْ آمَنَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَالْمَلَائِكَةِ وَالْكِتَابِ وَالنَّبِيِّينَ وَآتَى الْمَالَ عَلَىٰ حُبِّهِ ذَوِي الْقُرْبَىٰ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينَ وَابْنَ السَّبِيلِ وَالسَّائِلِينَ وَفِي الرِّقَابِ وَأَقَامَ الصَّلَاةَ وَآتَى الزَّكَاةَ وَالْمُوفُونَ بِعَهْدِهِمْ إِذَا عَاهَدُوا ۖ وَالصَّابِرِينَ فِي الْبَأْسَاءِ وَالضَّرَّاءِ وَحِينَ الْبَأْسِ ۗ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ صَدَقُوا ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُتَّقُونَ

    Мела хир бац аш шайн яьххьаш малхбалехьа а‚ малхбузехьа а ерзаярехь. Ткъа мела хир бу и /нах/ Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а‚ маликех а‚ жайнах а‚ пайхамарех а тешаш белахь‚ шена а дезачу даьхних /сагIина/ делча гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачу нахана а‚ некъхочунна а‚ доьхучунна а‚ лай паргIатваккхарна а‚ ламаз а цо хIоттийча‚ закат а делча‚ шаьш делла дош кхочуш а дича‚ яккхийчу халонашкахь а‚ баланашкахь а‚ тIамехь а собаре а хилча. Уьш бу бакълуьйш берш. Уьш бу /Делах/ кхоьруш берш

    2:177

Гочдар: Магомед Магомедов