Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 177 – 178

  1. لَيْسَ الْبِرَّ أَنْ تُوَلُّوا وُجُوهَكُمْ قِبَلَ الْمَشْرِقِ وَالْمَغْرِبِ وَلَٰكِنَّ الْبِرَّ مَنْ آمَنَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ وَالْمَلَائِكَةِ وَالْكِتَابِ وَالنَّبِيِّينَ وَآتَى الْمَالَ عَلَىٰ حُبِّهِ ذَوِي الْقُرْبَىٰ وَالْيَتَامَىٰ وَالْمَسَاكِينَ وَابْنَ السَّبِيلِ وَالسَّائِلِينَ وَفِي الرِّقَابِ وَأَقَامَ الصَّلَاةَ وَآتَى الزَّكَاةَ وَالْمُوفُونَ بِعَهْدِهِمْ إِذَا عَاهَدُوا ۖ وَالصَّابِرِينَ فِي الْبَأْسَاءِ وَالضَّرَّاءِ وَحِينَ الْبَأْسِ ۗ أُولَٰئِكَ الَّذِينَ صَدَقُوا ۖ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُتَّقُونَ

    Мела хир бац аш шайн яьххьаш малхбалехьа а‚ малхбузехьа а ерзаярехь. Ткъа мела хир бу и /нах/ Делах а‚ тӀаьххьарчу дийнах а‚ маликех а‚ жайнах а‚ пайхамарех а тешаш белахь‚ шена а дезачу даьхних /сагӀина/ делча гергарчарна а‚ боберашна а‚ мискачу нахана а‚ некъхочунна а‚ доьхучунна а‚ лай паргӀатваккхарна а‚ ламаз а цо хӀоттийча‚ закат а делча‚ шаьш делла дош кхочуш а дича‚ яккхийчу халонашкахь а‚ баланашкахь а‚ тӀамехь а собаре а хилча. Уьш бу бакълуьйш берш. Уьш бу /Делах/ кхоьруш берш

    2:177
  2. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا كُتِبَ عَلَيْكُمُ الْقِصَاصُ فِي الْقَتْلَى ۖ الْحُرُّ بِالْحُرِّ وَالْعَبْدُ بِالْعَبْدِ وَالْأُنْثَىٰ بِالْأُنْثَىٰ ۚ فَمَنْ عُفِيَ لَهُ مِنْ أَخِيهِ شَيْءٌ فَاتِّبَاعٌ بِالْمَعْرُوفِ وَأَدَاءٌ إِلَيْهِ بِإِحْسَانٍ ۗ ذَٰلِكَ تَخْفِيفٌ مِنْ رَبِّكُمْ وَرَحْمَةٌ ۗ فَمَنِ اعْتَدَىٰ بَعْدَ ذَٰلِكَ فَلَهُ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    ХӀай ийман диллинарш! Шуна тӀедиллина байъинчареран чӀир екхар: маьршаниг /вуьйр ву/ – /цо/ маьршаниг /вēр/ бахьанехь‚ лай /вуьйр ву/ – /цо/ лай /вēр/ бахьанеь‚ зуда /йуьйр ю/ – /цо/ зуда /ēр/ бахьанехь. /Бусалба/ вашас цхьанна гечдича – диканца цунна тӀаьхьахӀотта веза. Нийса кхочушдан деза дият. И шуна Делера атталла ю‚ къинхетам а ма бу. Цул тӀаьхьа дозанах ваьллачунна (чр екха гртиначунна) хир ма ду лазош долу Ӏазап

    2:178

Гочдар: Магомед Магомедов