Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 183 – 187
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا كُتِبَ عَلَيْكُمُ الصِّيَامُ كَمَا كُتِبَ عَلَى الَّذِينَ مِنْ قَبْلِكُمْ لَعَلَّكُمْ تَتَّقُونَ
ХӀай ийман диллинарш! Шуна тӀедиллина марха кхабар‚ шул хьалхарчарна тӀедилларх терра‚ шу хилийтархьама /Делах/ кхоьруш
2:183 -
أَيَّامًا مَعْدُودَاتٍ ۚ فَمَنْ كَانَ مِنْكُمْ مَرِيضًا أَوْ عَلَىٰ سَفَرٍ فَعِدَّةٌ مِنْ أَيَّامٍ أُخَرَ ۚ وَعَلَى الَّذِينَ يُطِيقُونَهُ فِدْيَةٌ طَعَامُ مِسْكِينٍ ۖ فَمَنْ تَطَوَّعَ خَيْرًا فَهُوَ خَيْرٌ لَهُ ۚ وَأَنْ تَصُومُوا خَيْرٌ لَكُمْ ۖ إِنْ كُنْتُمْ تَعْلَمُونَ
/И марха кхобур ду/цхьа кззиг деношкахь; шух цхьаъ цомгуш велахь я новкъахь нислахь – кхечу хенахь /марха кхобур ду цо/ дисинчу денойн метта. Марха цакхабалучарна тӀехь ду мискачу стагана даар далар. Диканиг цо совдаьккхича (шен даггара сагӀа совлуш) – и цунна дика ду. Аш марха кхаьбча – шуна дика ду‚ шу хууш хиллехь
2:184 -
شَهْرُ رَمَضَانَ الَّذِي أُنْزِلَ فِيهِ الْقُرْآنُ هُدًى لِلنَّاسِ وَبَيِّنَاتٍ مِنَ الْهُدَىٰ وَالْفُرْقَانِ ۚ فَمَنْ شَهِدَ مِنْكُمُ الشَّهْرَ فَلْيَصُمْهُ ۖ وَمَنْ كَانَ مَرِيضًا أَوْ عَلَىٰ سَفَرٍ فَعِدَّةٌ مِنْ أَيَّامٍ أُخَرَ ۗ يُرِيدُ اللَّهُ بِكُمُ الْيُسْرَ وَلَا يُرِيدُ بِكُمُ الْعُسْرَ وَلِتُكْمِلُوا الْعِدَّةَ وَلِتُكَبِّرُوا اللَّهَ عَلَىٰ مَا هَدَاكُمْ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ
/И марха кхаба деза денош/ Рамазан бутт бу‚ шена чохь нахана нийса некъ а болу‚ нийсачу некъан а, /бакъдерг-харцдерг, хьанал-хьарам/ къасторан а билгалонаш а йолу Къуръан доссийна болу. Шух и /рамазан бутт/ леринчо марха кхобийла. Цхьаъ цомгуш велахь‚ я новкъахь велахь – кхечу денойх цхьа дакъа /кхочушдер цо/. И Дела лууш ву шуна атто хилар‚ лууш вац И шуна хало хилар. Кхочушдер аш и денош /марханаш кхобуш/‚ вазвер аш и Дела /АллахӀу акбар āларца/‚ Цо шаьш нийсачу новкъа нисдарна‚ шу хилахьара баркалла олуш
2:185 -
وَإِذَا سَأَلَكَ عِبَادِي عَنِّي فَإِنِّي قَرِيبٌ ۖ أُجِيبُ دَعْوَةَ الدَّاعِ إِذَا دَعَانِ ۖ فَلْيَسْتَجِيبُوا لِي وَلْيُؤْمِنُوا بِي لَعَلَّهُمْ يَرْشُدُونَ
Сан леша хьоьга хаттахь Сох лаьцна – Со гергахь ву‚ жоп луш ву доьхучуьнан дехарна – цо дехча. Суна жоп лойла цара (Суна муьтхь хиларца)‚ Сох тешийла уьш - уьш хила там бара нийсачу новкъахь
2:186 -
أُحِلَّ لَكُمْ لَيْلَةَ الصِّيَامِ الرَّفَثُ إِلَىٰ نِسَائِكُمْ ۚ هُنَّ لِبَاسٌ لَكُمْ وَأَنْتُمْ لِبَاسٌ لَهُنَّ ۗ عَلِمَ اللَّهُ أَنَّكُمْ كُنْتُمْ تَخْتَانُونَ أَنْفُسَكُمْ فَتَابَ عَلَيْكُمْ وَعَفَا عَنْكُمْ ۖ فَالْآنَ بَاشِرُوهُنَّ وَابْتَغُوا مَا كَتَبَ اللَّهُ لَكُمْ ۚ وَكُلُوا وَاشْرَبُوا حَتَّىٰ يَتَبَيَّنَ لَكُمُ الْخَيْطُ الْأَبْيَضُ مِنَ الْخَيْطِ الْأَسْوَدِ مِنَ الْفَجْرِ ۖ ثُمَّ أَتِمُّوا الصِّيَامَ إِلَى اللَّيْلِ ۚ وَلَا تُبَاشِرُوهُنَّ وَأَنْتُمْ عَاكِفُونَ فِي الْمَسَاجِدِ ۗ تِلْكَ حُدُودُ اللَّهِ فَلَا تَقْرَبُوهَا ۗ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ آيَاتِهِ لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ
Магош ду шуна мархийн баттахь буса шайн зударшна гергадахар – уьш шун духар ду‚ шу – церан духар ду. Далла хиира шу хилла хилар шаьш шайн Ӏехадеш. Шун тōба къобалдира Цо‚ шуна гечдира. ХӀинца /буса/ гергаг шайна царна‚ лаха Дала шайна яздинарг. Даа‚ мала шайна сатасаран кӀайн тай Ӏаьржачу тайх къастадаллалц. ТӀаккха кхочушде марха кхабар буьйса тяллалц. Герга ма г царна (зударшна) шаьш маьждигаш чохь лаьтташ долуш /иӀтикаф деш/. Уьш Делан дозанаш ду. Герга ма гӀо царна (дозанашна – уьш дохо). Иштта билгалдоху Дала шен аяташ нахана‚ уьш хилийтархьама ларлуш /Делан дозанех/
2:187
Гочдар: Магомед Магомедов