Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 185

  1. شَهْرُ رَمَضَانَ الَّذِي أُنْزِلَ فِيهِ الْقُرْآنُ هُدًى لِلنَّاسِ وَبَيِّنَاتٍ مِنَ الْهُدَىٰ وَالْفُرْقَانِ ۚ فَمَنْ شَهِدَ مِنْكُمُ الشَّهْرَ فَلْيَصُمْهُ ۖ وَمَنْ كَانَ مَرِيضًا أَوْ عَلَىٰ سَفَرٍ فَعِدَّةٌ مِنْ أَيَّامٍ أُخَرَ ۗ يُرِيدُ اللَّهُ بِكُمُ الْيُسْرَ وَلَا يُرِيدُ بِكُمُ الْعُسْرَ وَلِتُكْمِلُوا الْعِدَّةَ وَلِتُكَبِّرُوا اللَّهَ عَلَىٰ مَا هَدَاكُمْ وَلَعَلَّكُمْ تَشْكُرُونَ

    /И марха кхаба деза денош/ Рамазан бутт бу‚ шена чохь нахана нийса некъ а болу‚ нийсачу некъан а, /бакъдерг-харцдерг, хьанал-хьарам/ къасторан а билгалонаш а йолу Къуръан доссийна болу. Шух и /рамазан бутт/ леринчо марха кхобийла. Цхьаъ цомгуш велахь‚ я новкъахь велахь – кхечу денойх цхьа дакъа /кхочушдер цо/. И Дела лууш ву шуна атто хилар‚ лууш вац И шуна хало хилар. Кхочушдер аш и денош /марханаш кхобуш/‚ вазвер аш и Дела /АллахIу акбар āларца/‚ Цо шаьш нийсачу новкъа нисдарна‚ шу хилахьара баркалла олуш

    2:185

Гочдар: Магомед Магомедов