Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 189 – 196
-
يَسْأَلُونَكَ عَنِ الْأَهِلَّةِ ۖ قُلْ هِيَ مَوَاقِيتُ لِلنَّاسِ وَالْحَجِّ ۗ وَلَيْسَ الْبِرُّ بِأَنْ تَأْتُوا الْبُيُوتَ مِنْ ظُهُورِهَا وَلَٰكِنَّ الْبِرَّ مَنِ اتَّقَىٰ ۗ وَأْتُوا الْبُيُوتَ مِنْ أَبْوَابِهَا ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
Хьоьга /хӀай Мухьаммад/ хоьтту цара беттан куьцаш хийцадаларах лаьцна‚ ахь āла: 'Иза нахана хан билгалъяккхархьама а‚ хьаьждехкарна а ду'. Мēла хир бац шу хсамаш чу тӀехьахула дахарх. Мēла бу /шу Делах/ кхоьруш хилар. Хсамаш чу г неӀаршкахула! Делах кхера – шу даккхийдер ду
2:189 -
وَقَاتِلُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ الَّذِينَ يُقَاتِلُونَكُمْ وَلَا تَعْتَدُوا ۚ إِنَّ اللَّهَ لَا يُحِبُّ الْمُعْتَدِينَ
ТӀом бе Делан новкъахь шайца тӀом беш болчаьрца‚ амма дозанал сов ма довла. Далла ца беза дозанал сов буьйлурш
2:190 -
وَاقْتُلُوهُمْ حَيْثُ ثَقِفْتُمُوهُمْ وَأَخْرِجُوهُمْ مِنْ حَيْثُ أَخْرَجُوكُمْ ۚ وَالْفِتْنَةُ أَشَدُّ مِنَ الْقَتْلِ ۚ وَلَا تُقَاتِلُوهُمْ عِنْدَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ حَتَّىٰ يُقَاتِلُوكُمْ فِيهِ ۖ فَإِنْ قَاتَلُوكُمْ فَاقْتُلُوهُمْ ۗ كَذَٰلِكَ جَزَاءُ الْكَافِرِينَ
Байа уьш шайна карабаьхккинчохь‚ арабаха уьш шаьш арадаьхначуьра. Питана чӀогӀа ду стаг вēрал а. ТӀом ма бе цаьрца Деза Маьждигана уллохь‚ цара шайца тм ца бахь. Цара шайца бахь /тӀом/ – байа уьш! Иштта бу цатешачарна бекхам
2:191 -
فَإِنِ انْتَهَوْا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Уьш совцахь – Дела гечдеш а‚ къинхетаме а ву
2:192 -
وَقَاتِلُوهُمْ حَتَّىٰ لَا تَكُونَ فِتْنَةٌ وَيَكُونَ الدِّينُ لِلَّهِ ۖ فَإِنِ انْتَهَوْا فَلَا عُدْوَانَ إِلَّا عَلَى الظَّالِمِينَ
ТӀом бе цаьрца питана саццалц‚ дин / деш долу бадат деккъа цхьана Далла хиллалц/. Уьш совцахь/тм бечуьра/ – тӀелатар ма де зулам дечарна бен
2:193 -
الشَّهْرُ الْحَرَامُ بِالشَّهْرِ الْحَرَامِ وَالْحُرُمَاتُ قِصَاصٌ ۚ فَمَنِ اعْتَدَىٰ عَلَيْكُمْ فَاعْتَدُوا عَلَيْهِ بِمِثْلِ مَا اعْتَدَىٰ عَلَيْكُمْ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ مَعَ الْمُتَّقِينَ
Лераме бутт – лераме баттаца‚ хьурматаш а – чр эца дезаш ду. Шайна цхьаъ тӀелатахь – шу а тӀелата цунна‚ и шайна тӀе ма летта. Делах кхера, шуна хаа и Дела Шех кхоьручаьрца вуйла
2:194 -
وَأَنْفِقُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ وَلَا تُلْقُوا بِأَيْدِيكُمْ إِلَى التَّهْلُكَةِ ۛ وَأَحْسِنُوا ۛ إِنَّ اللَّهَ يُحِبُّ الْمُحْسِنِينَ
Харжаш е Делан новкъахь. Шайн куьйгашца шаьш хӀаллак ма де. Диканиг де. Далла дукхабеза диканиг деш берш
2:195 -
وَأَتِمُّوا الْحَجَّ وَالْعُمْرَةَ لِلَّهِ ۚ فَإِنْ أُحْصِرْتُمْ فَمَا اسْتَيْسَرَ مِنَ الْهَدْيِ ۖ وَلَا تَحْلِقُوا رُءُوسَكُمْ حَتَّىٰ يَبْلُغَ الْهَدْيُ مَحِلَّهُ ۚ فَمَنْ كَانَ مِنْكُمْ مَرِيضًا أَوْ بِهِ أَذًى مِنْ رَأْسِهِ فَفِدْيَةٌ مِنْ صِيَامٍ أَوْ صَدَقَةٍ أَوْ نُسُكٍ ۚ فَإِذَا أَمِنْتُمْ فَمَنْ تَمَتَّعَ بِالْعُمْرَةِ إِلَى الْحَجِّ فَمَا اسْتَيْسَرَ مِنَ الْهَدْيِ ۚ فَمَنْ لَمْ يَجِدْ فَصِيَامُ ثَلَاثَةِ أَيَّامٍ فِي الْحَجِّ وَسَبْعَةٍ إِذَا رَجَعْتُمْ ۗ تِلْكَ عَشَرَةٌ كَامِلَةٌ ۗ ذَٰلِكَ لِمَنْ لَمْ يَكُنْ أَهْلُهُ حَاضِرِي الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ
Кхочушде хьаьждехкар а‚ Ӏумрат а Дела дуьхьа. Шун аьтто боьхнехь /цхьана хмано новкъарло йина/, шайн ницкъ кхочу бежана де сагӀийна. Шайн кортош ма даша и сагӀина дийна бежана шен меттиге дӀакхаччалц. Шух цхьаъ цомгуш велахь я коьртан цамгар йолуш велахь – /корта бошур бац‚ амма/ цунна дуьхьал марха кхобур ду /кхаа дийнахь/‚ сагӀа лур ду /ялх мискачу стагана‚ цхьанна ах сахь луш/‚ я уьстагӀ буьйр бу. Шу кхерамах паргӀатдевлача‚ шух цхьаммо Ӏумрат хьалхадаккхахь хьаьждехкарал – шена ницкъ кхочу болу бежанна урс хьакха сагӀийна. И ца карадахь – марха кхобур ду кхаа дийнахь хьаьждоьхкучу хенахь‚ ворхӀ дийнахь – цӀа юхавирзича. Уьш кхоччуш итт де ду. И ду шен нах Деза Маьждигана гонахь боцчарна. Шу кхера Делах‚ шуна хаа и Дела таӀзар дарехь чӀогӀа вуйла
2:196
Гочдар: Магомед Магомедов