Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 196

  1. وَأَتِمُّوا الْحَجَّ وَالْعُمْرَةَ لِلَّهِ ۚ فَإِنْ أُحْصِرْتُمْ فَمَا اسْتَيْسَرَ مِنَ الْهَدْيِ ۖ وَلَا تَحْلِقُوا رُءُوسَكُمْ حَتَّىٰ يَبْلُغَ الْهَدْيُ مَحِلَّهُ ۚ فَمَنْ كَانَ مِنْكُمْ مَرِيضًا أَوْ بِهِ أَذًى مِنْ رَأْسِهِ فَفِدْيَةٌ مِنْ صِيَامٍ أَوْ صَدَقَةٍ أَوْ نُسُكٍ ۚ فَإِذَا أَمِنْتُمْ فَمَنْ تَمَتَّعَ بِالْعُمْرَةِ إِلَى الْحَجِّ فَمَا اسْتَيْسَرَ مِنَ الْهَدْيِ ۚ فَمَنْ لَمْ يَجِدْ فَصِيَامُ ثَلَاثَةِ أَيَّامٍ فِي الْحَجِّ وَسَبْعَةٍ إِذَا رَجَعْتُمْ ۗ تِلْكَ عَشَرَةٌ كَامِلَةٌ ۗ ذَٰلِكَ لِمَنْ لَمْ يَكُنْ أَهْلُهُ حَاضِرِي الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ ۚ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ شَدِيدُ الْعِقَابِ

    Кхочушде хьаьждехкар а‚ Iумрат а Дела дуьхьа. Шун аьтто боьхнехь /цхьана хмано новкъарло йина/, шайн ницкъ кхочу бежана де сагIийна. Шайн кортош ма даша и сагIина дийна бежана шен меттиге дIакхаччалц. Шух цхьаъ цомгуш велахь я коьртан цамгар йолуш велахь – /корта бошур бац‚ амма/ цунна дуьхьал марха кхобур ду /кхаа дийнахь/‚ сагIа лур ду /ялх мискачу стагана‚ цхьанна ах сахь луш/‚ я уьстагI буьйр бу. Шу кхерамах паргIатдевлача‚ шух цхьаммо Iумрат хьалхадаккхахь хьаьждехкарал – шена ницкъ кхочу болу бежанна урс хьакха сагIийна. И ца карадахь – марха кхобур ду кхаа дийнахь хьаьждоьхкучу хенахь‚ ворхI дийнахь – цIа юхавирзича. Уьш кхоччуш итт де ду. И ду шен нах Деза Маьждигана гонахь боцчарна. Шу кхера Делах‚ шуна хаа и Дела таIзар дарехь чIогIа вуйла

    2:196

Гочдар: Магомед Магомедов