Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 217 – 221
-
يَسْأَلُونَكَ عَنِ الشَّهْرِ الْحَرَامِ قِتَالٍ فِيهِ ۖ قُلْ قِتَالٌ فِيهِ كَبِيرٌ ۖ وَصَدٌّ عَنْ سَبِيلِ اللَّهِ وَكُفْرٌ بِهِ وَالْمَسْجِدِ الْحَرَامِ وَإِخْرَاجُ أَهْلِهِ مِنْهُ أَكْبَرُ عِنْدَ اللَّهِ ۚ وَالْفِتْنَةُ أَكْبَرُ مِنَ الْقَتْلِ ۗ وَلَا يَزَالُونَ يُقَاتِلُونَكُمْ حَتَّىٰ يَرُدُّوكُمْ عَنْ دِينِكُمْ إِنِ اسْتَطَاعُوا ۚ وَمَنْ يَرْتَدِدْ مِنْكُمْ عَنْ دِينِهِ فَيَمُتْ وَهُوَ كَافِرٌ فَأُولَٰئِكَ حَبِطَتْ أَعْمَالُهُمْ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۖ وَأُولَٰئِكَ أَصْحَابُ النَّارِ ۖ هُمْ فِيهَا خَالِدُونَ
Цара хьоьга хоьтту безачу баттах лаьцна‚ цу чохь тӀом барх. Ахь āла: 'Цу чохь тӀом бар – доккха къа ду. Ткъа Делан некъах /нах/ духатохар а‚ Цунах цатешар а‚ Деза Маьждигах /нах духтохар/ а‚ цуьнан нах цу чуьра арабахар кхин доккха ду Далла гергахь'. Питана доккха ду тӀом барал а. Уьш (керстанаш) совцур бац тӀом бечуьра шу шайн динах дӀадерзийча бен‚ шайн ницкъ кхачахь. Шух шен динах дӀавирзина керста хьолехь велларг – уьш бу шайн Ӏамалш яйнарш дуьненахь а‚ эхартахь а. Уьш бу жоьжахатин дай‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу
2:217 -
إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَالَّذِينَ هَاجَرُوا وَجَاهَدُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ أُولَٰئِكَ يَرْجُونَ رَحْمَتَ اللَّهِ ۚ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ хӀижар динарш а‚ Делан новкъахь къийсам латтийнарш а – уьш догдохур долуш бу Делан къинхетаме. И Дела ма ву гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а
2:218 -
يَسْأَلُونَكَ عَنِ الْخَمْرِ وَالْمَيْسِرِ ۖ قُلْ فِيهِمَا إِثْمٌ كَبِيرٌ وَمَنَافِعُ لِلنَّاسِ وَإِثْمُهُمَا أَكْبَرُ مِنْ نَفْعِهِمَا ۗ وَيَسْأَلُونَكَ مَاذَا يُنْفِقُونَ قُلِ الْعَفْوَ ۗ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمُ الْآيَاتِ لَعَلَّكُمْ تَتَفَكَّرُونَ
Цара хьоьга хоьтту чагӀарх а‚ майсирх а лаьцна‚ ахь āла: 'Царна чохь доккха къа а ду‚ нахана пайданаш а бу. Царна чохь долу къа доккха ду царна чохь болчу пайданал'. Юха а хоьтту цара хьоьга: 'ХӀун доккхур ду шаьш сагӀина?' Ахь āла: 'Совдаьлларг'. Иштта Дала билгалйоху шуна билгалонаш‚ шу хилийтархьама ойла еш
2:219 -
فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۗ وَيَسْأَلُونَكَ عَنِ الْيَتَامَىٰ ۖ قُلْ إِصْلَاحٌ لَهُمْ خَيْرٌ ۖ وَإِنْ تُخَالِطُوهُمْ فَإِخْوَانُكُمْ ۚ وَاللَّهُ يَعْلَمُ الْمُفْسِدَ مِنَ الْمُصْلِحِ ۚ وَلَوْ شَاءَ اللَّهُ لَأَعْنَتَكُمْ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَزِيزٌ حَكِيمٌ
Дуьненахь а‚ эхартахь а /долчу гӀуллакхех/. Цара хьоьга хоьтту боберех лаьцна. Ахь āла: 'Маслахьат дар дика ду царна'. Аш уьш вовшахтоьхча – уьш шун вежарий бу. И Дела хууш ма ву харцо йийриг а‚ нийсо йийриг а. Далла лиънехьара‚ Цо хало йийр яра шуна. Баккъалла а, Дела ма ву веза верг а‚ хьекъале верг а
2:220 -
وَلَا تَنْكِحُوا الْمُشْرِكَاتِ حَتَّىٰ يُؤْمِنَّ ۚ وَلَأَمَةٌ مُؤْمِنَةٌ خَيْرٌ مِنْ مُشْرِكَةٍ وَلَوْ أَعْجَبَتْكُمْ ۗ وَلَا تُنْكِحُوا الْمُشْرِكِينَ حَتَّىٰ يُؤْمِنُوا ۚ وَلَعَبْدٌ مُؤْمِنٌ خَيْرٌ مِنْ مُشْرِكٍ وَلَوْ أَعْجَبَكُمْ ۗ أُولَٰئِكَ يَدْعُونَ إِلَى النَّارِ ۖ وَاللَّهُ يَدْعُو إِلَى الْجَنَّةِ وَالْمَغْفِرَةِ بِإِذْنِهِ ۖ وَيُبَيِّنُ آيَاتِهِ لِلنَّاسِ لَعَلَّهُمْ يَتَذَكَّرُونَ
Аш ма балабе Делаца накъост луьйцу зударий цара ийман диллалц. Тешаш йолу лай тоьлуш ю Делаца накъост лоцучу зудчул‚ цо (Делаца накъост лоцуш йолчо) шуьга тамаша байтахь а. Делаца накъост лоьцучу божаршка а ма бахийта /бусалба/ зударий цара ийман диллалц. Тешаш волу лай тоьлуш ву Делаца накъост лоцучу стагал‚ цо шуьга тамаша байтахь а. Цара кхойкху жоьжахате‚ Дала кхойкху ялсамане а‚ Шен лаамца гечдаре а. Цо билгалйоху Шен билгалонаш нахана‚ уьш хилийтархьама ойла еш
2:221
Гочдар: Магомед Магомедов