Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 219
-
يَسْأَلُونَكَ عَنِ الْخَمْرِ وَالْمَيْسِرِ ۖ قُلْ فِيهِمَا إِثْمٌ كَبِيرٌ وَمَنَافِعُ لِلنَّاسِ وَإِثْمُهُمَا أَكْبَرُ مِنْ نَفْعِهِمَا ۗ وَيَسْأَلُونَكَ مَاذَا يُنْفِقُونَ قُلِ الْعَفْوَ ۗ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمُ الْآيَاتِ لَعَلَّكُمْ تَتَفَكَّرُونَ
Цара хьоьга хоьтту чагIарх а‚ майсирх а лаьцна‚ ахь āла: 'Царна чохь доккха къа а ду‚ нахана пайданаш а бу. Царна чохь долу къа доккха ду царна чохь болчу пайданал'. Юха а хоьтту цара хьоьга: 'ХIун доккхур ду шаьш сагIина?' Ахь āла: 'Совдаьлларг'. Иштта Дала билгалйоху шуна билгалонаш‚ шу хилийтархьама ойла еш
2:219
Гочдар: Магомед Магомедов