Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 232 – 235
-
وَإِذَا طَلَّقْتُمُ النِّسَاءَ فَبَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَلَا تَعْضُلُوهُنَّ أَنْ يَنْكِحْنَ أَزْوَاجَهُنَّ إِذَا تَرَاضَوْا بَيْنَهُمْ بِالْمَعْرُوفِ ۗ ذَٰلِكَ يُوعَظُ بِهِ مَنْ كَانَ مِنْكُمْ يُؤْمِنُ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۗ ذَٰلِكُمْ أَزْكَىٰ لَكُمْ وَأَطْهَرُ ۗ وَاللَّهُ يَعْلَمُ وَأَنْتُمْ لَا تَعْلَمُونَ
Аш зударий битина‚ церан хан гергакхаьчча‚ аш новкъарло ма елаш царна шайн марошка юхаберзан‚ уьш вовшашна реза хиллехь дикачу агнца. И хьехам беш бу шуна‚ шух Делах а‚ тӀаьххьарчу дийнах а тешаш волчунна. Иза хьекъале а ду шуна‚ цӀена а ду. И Дела хууш ву‚ шу хууш дац
2:232 -
وَالْوَالِدَاتُ يُرْضِعْنَ أَوْلَادَهُنَّ حَوْلَيْنِ كَامِلَيْنِ ۖ لِمَنْ أَرَادَ أَنْ يُتِمَّ الرَّضَاعَةَ ۚ وَعَلَى الْمَوْلُودِ لَهُ رِزْقُهُنَّ وَكِسْوَتُهُنَّ بِالْمَعْرُوفِ ۚ لَا تُكَلَّفُ نَفْسٌ إِلَّا وُسْعَهَا ۚ لَا تُضَارَّ وَالِدَةٌ بِوَلَدِهَا وَلَا مَوْلُودٌ لَهُ بِوَلَدِهِ ۚ وَعَلَى الْوَارِثِ مِثْلُ ذَٰلِكَ ۗ فَإِنْ أَرَادَا فِصَالًا عَنْ تَرَاضٍ مِنْهُمَا وَتَشَاوُرٍ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِمَا ۗ وَإِنْ أَرَدْتُمْ أَنْ تَسْتَرْضِعُوا أَوْلَادَكُمْ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِذَا سَلَّمْتُمْ مَا آتَيْتُمْ بِالْمَعْرُوفِ ۗ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Наноша дакхадойла шайн бераш дуьззина шина шарахь и дакхадар кхочушдан лууш волчунна (марана). Шена бер динчунна тӀехь ду – зударшна даа хӀума а, тӀедуха хӀума латтор нийсонца. Цхьанна адамна тӀедуьллуш дац шен ницкъ ца кхочург. Нанна зен ма дойла шен бер бахьанехь‚ шена бер динчунна (беран дена) а зен ма дойла шен бер бахьанехь. /Ден/ ирс оьцучунна – цуьнга терра (да веллехь, цу беро цуьнгара эцначу ирсана юккъера вакхочунна мах лойла беран верасо). Царна шинна а лаахь дакхор юкъахдаккха вовшийн реза хиларца а‚ дагабовларца а – къа дац царна. Шуна лаахь шайн бераш дакхо кхин зуда лаха, шуна къа дац аш цунна мах белча даггара. Шу Делах кхералаш‚ шуна хаалаш и Дела аш дийриг гуш вуйла
2:233 -
وَالَّذِينَ يُتَوَفَّوْنَ مِنْكُمْ وَيَذَرُونَ أَزْوَاجًا يَتَرَبَّصْنَ بِأَنْفُسِهِنَّ أَرْبَعَةَ أَشْهُرٍ وَعَشْرًا ۖ فَإِذَا بَلَغْنَ أَجَلَهُنَّ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا فَعَلْنَ فِي أَنْفُسِهِنَّ بِالْمَعْرُوفِ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ خَبِيرٌ
Шух дӀакхелхина шайл буха зударий битинарш – церан зударий хьовсур бу беа баттахь а‚ итт дийнахь а. И хан тӀекхаьчча‚ шуна къа дац цара шайх динарг бахьанехь диканца. И Дела аш дийриг дика хууш ву
2:234 -
وَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ فِيمَا عَرَّضْتُمْ بِهِ مِنْ خِطْبَةِ النِّسَاءِ أَوْ أَكْنَنْتُمْ فِي أَنْفُسِكُمْ ۚ عَلِمَ اللَّهُ أَنَّكُمْ سَتَذْكُرُونَهُنَّ وَلَٰكِنْ لَا تُوَاعِدُوهُنَّ سِرًّا إِلَّا أَنْ تَقُولُوا قَوْلًا مَعْرُوفًا ۚ وَلَا تَعْزِمُوا عُقْدَةَ النِّكَاحِ حَتَّىٰ يَبْلُغَ الْكِتَابُ أَجَلَهُ ۚ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِي أَنْفُسِكُمْ فَاحْذَرُوهُ ۚ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ غَفُورٌ حَلِيمٌ
Къа дац шуна /хӀай божарий/ аш шайн захало цу зударшка дӀахьедича а‚ я къайладаьккхина шайгахь дитича а. Далла хаьа, баккъалла а, шуна уьш (зударий) дагабогӀур буйла. Мухха делахь а‚ ваӀда ма е царна къайлаха‚ нийса дош олуш бен. И ялор чӀагӀ ма де яздинарг шен ханна тӀекхаччалц. Шуна хаалаш‚ и Дела хууш вуйла шун дагахь дерг. Цунах ларлойла шу. Шуна хаалаш‚ и Дела гечдеш а‚ собаре (къа дича, таар дар тьхьатоттуш) а вуйла
2:235
Гочдар: Магомед Магомедов