Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 233
-
وَالْوَالِدَاتُ يُرْضِعْنَ أَوْلَادَهُنَّ حَوْلَيْنِ كَامِلَيْنِ ۖ لِمَنْ أَرَادَ أَنْ يُتِمَّ الرَّضَاعَةَ ۚ وَعَلَى الْمَوْلُودِ لَهُ رِزْقُهُنَّ وَكِسْوَتُهُنَّ بِالْمَعْرُوفِ ۚ لَا تُكَلَّفُ نَفْسٌ إِلَّا وُسْعَهَا ۚ لَا تُضَارَّ وَالِدَةٌ بِوَلَدِهَا وَلَا مَوْلُودٌ لَهُ بِوَلَدِهِ ۚ وَعَلَى الْوَارِثِ مِثْلُ ذَٰلِكَ ۗ فَإِنْ أَرَادَا فِصَالًا عَنْ تَرَاضٍ مِنْهُمَا وَتَشَاوُرٍ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْهِمَا ۗ وَإِنْ أَرَدْتُمْ أَنْ تَسْتَرْضِعُوا أَوْلَادَكُمْ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكُمْ إِذَا سَلَّمْتُمْ مَا آتَيْتُمْ بِالْمَعْرُوفِ ۗ وَاتَّقُوا اللَّهَ وَاعْلَمُوا أَنَّ اللَّهَ بِمَا تَعْمَلُونَ بَصِيرٌ
Наноша дакхадойла шайн бераш дуьззина шина шарахь и дакхадар кхочушдан лууш волчунна (марана). Шена бер динчунна тIехь ду – зударшна даа хIума а, тIедуха хIума латтор нийсонца. Цхьанна адамна тIедуьллуш дац шен ницкъ ца кхочург. Нанна зен ма дойла шен бер бахьанехь‚ шена бер динчунна (беран дена) а зен ма дойла шен бер бахьанехь. /Ден/ ирс оьцучунна – цуьнга терра (да веллехь, цу беро цуьнгара эцначу ирсана юккъера вакхочунна мах лойла беран верасо). Царна шинна а лаахь дакхор юкъахдаккха вовшийн реза хиларца а‚ дагабовларца а – къа дац царна. Шуна лаахь шайн бераш дакхо кхин зуда лаха, шуна къа дац аш цунна мах белча даггара. Шу Делах кхералаш‚ шуна хаалаш и Дела аш дийриг гуш вуйла
2:233
Гочдар: Магомед Магомедов