Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 282
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا تَدَايَنْتُمْ بِدَيْنٍ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى فَاكْتُبُوهُ ۚ وَلْيَكْتُبْ بَيْنَكُمْ كَاتِبٌ بِالْعَدْلِ ۚ وَلَا يَأْبَ كَاتِبٌ أَنْ يَكْتُبَ كَمَا عَلَّمَهُ اللَّهُ ۚ فَلْيَكْتُبْ وَلْيُمْلِلِ الَّذِي عَلَيْهِ الْحَقُّ وَلْيَتَّقِ اللَّهَ رَبَّهُ وَلَا يَبْخَسْ مِنْهُ شَيْئًا ۚ فَإِنْ كَانَ الَّذِي عَلَيْهِ الْحَقُّ سَفِيهًا أَوْ ضَعِيفًا أَوْ لَا يَسْتَطِيعُ أَنْ يُمِلَّ هُوَ فَلْيُمْلِلْ وَلِيُّهُ بِالْعَدْلِ ۚ وَاسْتَشْهِدُوا شَهِيدَيْنِ مِنْ رِجَالِكُمْ ۖ فَإِنْ لَمْ يَكُونَا رَجُلَيْنِ فَرَجُلٌ وَامْرَأَتَانِ مِمَّنْ تَرْضَوْنَ مِنَ الشُّهَدَاءِ أَنْ تَضِلَّ إِحْدَاهُمَا فَتُذَكِّرَ إِحْدَاهُمَا الْأُخْرَىٰ ۚ وَلَا يَأْبَ الشُّهَدَاءُ إِذَا مَا دُعُوا ۚ وَلَا تَسْأَمُوا أَنْ تَكْتُبُوهُ صَغِيرًا أَوْ كَبِيرًا إِلَىٰ أَجَلِهِ ۚ ذَٰلِكُمْ أَقْسَطُ عِنْدَ اللَّهِ وَأَقْوَمُ لِلشَّهَادَةِ وَأَدْنَىٰ أَلَّا تَرْتَابُوا ۖ إِلَّا أَنْ تَكُونَ تِجَارَةً حَاضِرَةً تُدِيرُونَهَا بَيْنَكُمْ فَلَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَلَّا تَكْتُبُوهَا ۗ وَأَشْهِدُوا إِذَا تَبَايَعْتُمْ ۚ وَلَا يُضَارَّ كَاتِبٌ وَلَا شَهِيدٌ ۚ وَإِنْ تَفْعَلُوا فَإِنَّهُ فُسُوقٌ بِكُمْ ۗ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۖ وَيُعَلِّمُكُمُ اللَّهُ ۗ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
ХIай ийман диллинарш! Шаьш вовшашкара декхарш оьцуш цIе тоьхначу ханна – дIаязде уьш. Яздойла шуна юккъехь яздечо нийсонца. Яздийриг дуьхьал ма хуьлийла яздан‚ Дала ша Iамийна ма хиллара. Цо яздойла‚ шена тIехь декхар долчо дIадуьйцийла. Делах – шен Кхиош-кхобучух кхоьрийла и /харц дийца/‚ хIумма а ма эшадойла цо цунах. Нагахь санна и шена тIехь декхар дерг хилахь тIалам боцуш я заьIап‚ ша дIадийца ца луш‚ – цуьнан верасо дуьйцийла нийсонца. Шайн божарех шина теше тешалла а дайта‚ ши боьрша стаг ца хилахь – цхьа боьрша стаг а‚ ши зуда а‚ шаьш царна тешаш хила реза долчу‚ царах (зударех) цхьаъ тилалахь а – вукхо цунна дагадоуьйтур ду. Тешаша дуьхьало ма йойла /тешалла дан/ шаьш кхайкхинчу хенахь. Аш мало ма йойла и /декхар/ дIаяздан‚ жима делахь а‚ доккха делахь а шен хан тIекхаччалц. Иза мелхо а нийса ду Далла гергахь‚ чIогIа ду тешаллина‚ герга ду шуна шеко ца хиларехь. Нагахь и хилахь лаьтташ йолу йохка-эцар‚ аш вовший юккъехь дIахьош йолу‚ – и ца яздарх къа дац шуна. Тешаш хIиттабе шаьш йохка-эцар еш. Яздеш волчунна а зен ма дойла‚ тешана а. Аш и дахь – и шуьца песакъалла хилар ду. Шу кхера Делах‚ Дела шу Iамадеш ву. И Дела массо а хIума Ша хууш ву
2:282
Гочдар: Магомед Магомедов