Сурат 2 Аль-бакъара (Етт), аят 282 – 283
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا تَدَايَنْتُمْ بِدَيْنٍ إِلَىٰ أَجَلٍ مُسَمًّى فَاكْتُبُوهُ ۚ وَلْيَكْتُبْ بَيْنَكُمْ كَاتِبٌ بِالْعَدْلِ ۚ وَلَا يَأْبَ كَاتِبٌ أَنْ يَكْتُبَ كَمَا عَلَّمَهُ اللَّهُ ۚ فَلْيَكْتُبْ وَلْيُمْلِلِ الَّذِي عَلَيْهِ الْحَقُّ وَلْيَتَّقِ اللَّهَ رَبَّهُ وَلَا يَبْخَسْ مِنْهُ شَيْئًا ۚ فَإِنْ كَانَ الَّذِي عَلَيْهِ الْحَقُّ سَفِيهًا أَوْ ضَعِيفًا أَوْ لَا يَسْتَطِيعُ أَنْ يُمِلَّ هُوَ فَلْيُمْلِلْ وَلِيُّهُ بِالْعَدْلِ ۚ وَاسْتَشْهِدُوا شَهِيدَيْنِ مِنْ رِجَالِكُمْ ۖ فَإِنْ لَمْ يَكُونَا رَجُلَيْنِ فَرَجُلٌ وَامْرَأَتَانِ مِمَّنْ تَرْضَوْنَ مِنَ الشُّهَدَاءِ أَنْ تَضِلَّ إِحْدَاهُمَا فَتُذَكِّرَ إِحْدَاهُمَا الْأُخْرَىٰ ۚ وَلَا يَأْبَ الشُّهَدَاءُ إِذَا مَا دُعُوا ۚ وَلَا تَسْأَمُوا أَنْ تَكْتُبُوهُ صَغِيرًا أَوْ كَبِيرًا إِلَىٰ أَجَلِهِ ۚ ذَٰلِكُمْ أَقْسَطُ عِنْدَ اللَّهِ وَأَقْوَمُ لِلشَّهَادَةِ وَأَدْنَىٰ أَلَّا تَرْتَابُوا ۖ إِلَّا أَنْ تَكُونَ تِجَارَةً حَاضِرَةً تُدِيرُونَهَا بَيْنَكُمْ فَلَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَلَّا تَكْتُبُوهَا ۗ وَأَشْهِدُوا إِذَا تَبَايَعْتُمْ ۚ وَلَا يُضَارَّ كَاتِبٌ وَلَا شَهِيدٌ ۚ وَإِنْ تَفْعَلُوا فَإِنَّهُ فُسُوقٌ بِكُمْ ۗ وَاتَّقُوا اللَّهَ ۖ وَيُعَلِّمُكُمُ اللَّهُ ۗ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
ХӀай ийман диллинарш! Шаьш вовшашкара декхарш оьцуш цӀе тоьхначу ханна – дӀаязде уьш. Яздойла шуна юккъехь яздечо нийсонца. Яздийриг дуьхьал ма хуьлийла яздан‚ Дала ша Ӏамийна ма хиллара. Цо яздойла‚ шена тӀехь декхар долчо дӀадуьйцийла. Делах – шен Кхиош-кхобучух кхоьрийла и /харц дийца/‚ хӀумма а ма эшадойла цо цунах. Нагахь санна и шена тӀехь декхар дерг хилахь тӀалам боцуш я заьӀап‚ ша дӀадийца ца луш‚ – цуьнан верасо дуьйцийла нийсонца. Шайн божарех шина теше тешалла а дайта‚ ши боьрша стаг ца хилахь – цхьа боьрша стаг а‚ ши зуда а‚ шаьш царна тешаш хила реза долчу‚ царах (зударех) цхьаъ тилалахь а – вукхо цунна дагадоуьйтур ду. Тешаша дуьхьало ма йойла /тешалла дан/ шаьш кхайкхинчу хенахь. Аш мало ма йойла и /декхар/ дӀаяздан‚ жима делахь а‚ доккха делахь а шен хан тӀекхаччалц. Иза мелхо а нийса ду Далла гергахь‚ чӀогӀа ду тешаллина‚ герга ду шуна шеко ца хиларехь. Нагахь и хилахь лаьтташ йолу йохка-эцар‚ аш вовший юккъехь дӀахьош йолу‚ – и ца яздарх къа дац шуна. Тешаш хӀиттабе шаьш йохка-эцар еш. Яздеш волчунна а зен ма дойла‚ тешана а. Аш и дахь – и шуьца песакъалла хилар ду. Шу кхера Делах‚ Дела шу Ӏамадеш ву. И Дела массо а хӀума Ша хууш ву
2:282 -
وَإِنْ كُنْتُمْ عَلَىٰ سَفَرٍ وَلَمْ تَجِدُوا كَاتِبًا فَرِهَانٌ مَقْبُوضَةٌ ۖ فَإِنْ أَمِنَ بَعْضُكُمْ بَعْضًا فَلْيُؤَدِّ الَّذِي اؤْتُمِنَ أَمَانَتَهُ وَلْيَتَّقِ اللَّهَ رَبَّهُ ۗ وَلَا تَكْتُمُوا الشَّهَادَةَ ۚ وَمَنْ يَكْتُمْهَا فَإِنَّهُ آثِمٌ قَلْبُهُ ۗ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ عَلِيمٌ
Шу новкъахь хилла‚ шуна яздан стаг ца каравахь – кара хӀума ло закъалтана. Шух цхьаболчара вукхарна тешамна хӀума елча – шена тешамна елла хӀума юхаерзайойла цо‚ шен Делах – шен Кхиош-кхобучух – кхоьрийла иза /и юха ца ерзаян/. Аш ма хьулделаш тешалла‚ и хьулдийнарг – шен даго къинош дийнарг ву. И Дела аш дийриг хууш ма ву
2:283
Гочдар: Магомед Магомедов