Сурат 33 Аль-ахьзаб (Вовшашца бартбинарш), аят 41 – 52

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اذْكُرُوا اللَّهَ ذِكْرًا كَثِيرًا

    ХӀай ийман диллинарш! Хьехаве Дела дукха хьехаварца

    33:41
  2. وَسَبِّحُوهُ بُكْرَةً وَأَصِيلًا

    Тасбахь де Цунна Ӏуьйранна а‚ суьйранна а

    33:42
  3. هُوَ الَّذِي يُصَلِّي عَلَيْكُمْ وَمَلَائِكَتُهُ لِيُخْرِجَكُمْ مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلَى النُّورِ ۚ وَكَانَ بِالْمُؤْمِنِينَ رَحِيمًا

    Иза ву шух къинхетам беш верг‚ Цуьнан маликаш а /ду шуна гечдар доьхуш/‚ шу боданера серлонга дахархьама. Иза хили муъмин нахах къинхетам беш верг

    33:43
  4. تَحِيَّتُهُمْ يَوْمَ يَلْقَوْنَهُ سَلَامٌ ۚ وَأَعَدَّ لَهُمْ أَجْرًا كَرِيمًا

    Церан маршалла Цунна дуьхьалкхийтинчу дийнахь салам ду. Цо кечйина царна сийлахь ял

    33:44
  5. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ إِنَّا أَرْسَلْنَاكَ شَاهِدًا وَمُبَشِّرًا وَنَذِيرًا

    ХӀай пайхамар! Баккъалла а, Оха вахийтина хьо теш хилла‚ кхаъанча хилла‚ кхерамча хилла

    33:45
  6. وَدَاعِيًا إِلَى اللَّهِ بِإِذْنِهِ وَسِرَاجًا مُنِيرًا

    Деле кхойкхуш верг а хилла Цуьнан пурбанца‚ нуре чиркх а хилла /вахийтина хьо/

    33:46
  7. وَبَشِّرِ الْمُؤْمِنِينَ بِأَنَّ لَهُمْ مِنَ اللَّهِ فَضْلًا كَبِيرًا

    Ахь кхаъ баккха муъмин нахана царна Делера йоккха комаьршалла ю‚ аьлла

    33:47
  8. وَلَا تُطِعِ الْكَافِرِينَ وَالْمُنَافِقِينَ وَدَعْ أَذَاهُمْ وَتَوَكَّلْ عَلَى اللَّهِ ۚ وَكَفَىٰ بِاللَّهِ وَكِيلًا

    МуьтӀахь ма хилалахь /Делах/ цатешачарна а‚ мунепакъашна а‚ дита церан /хьуна деш долу/ халахетарш. Далла тӀе товжа. Кхачо хили Делаца векал

    33:48
  9. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا إِذَا نَكَحْتُمُ الْمُؤْمِنَاتِ ثُمَّ طَلَّقْتُمُوهُنَّ مِنْ قَبْلِ أَنْ تَمَسُّوهُنَّ فَمَا لَكُمْ عَلَيْهِنَّ مِنْ عِدَّةٍ تَعْتَدُّونَهَا ۖ فَمَتِّعُوهُنَّ وَسَرِّحُوهُنَّ سَرَاحًا جَمِيلًا

    ХӀай ийман диллинарш! Аш муъмин зударий балийча‚ тӀаккха уьш битича шу царах хьакхадалале, шуна царна тӀехь цхьа Ӏиддат дац аш терго ян дезаш. Ло царна шайн пайда эццал хӀума‚ хазчу кепара бита уьш

    33:49
  10. يَا أَيُّهَا النَّبِيُّ إِنَّا أَحْلَلْنَا لَكَ أَزْوَاجَكَ اللَّاتِي آتَيْتَ أُجُورَهُنَّ وَمَا مَلَكَتْ يَمِينُكَ مِمَّا أَفَاءَ اللَّهُ عَلَيْكَ وَبَنَاتِ عَمِّكَ وَبَنَاتِ عَمَّاتِكَ وَبَنَاتِ خَالِكَ وَبَنَاتِ خَالَاتِكَ اللَّاتِي هَاجَرْنَ مَعَكَ وَامْرَأَةً مُؤْمِنَةً إِنْ وَهَبَتْ نَفْسَهَا لِلنَّبِيِّ إِنْ أَرَادَ النَّبِيُّ أَنْ يَسْتَنْكِحَهَا خَالِصَةً لَكَ مِنْ دُونِ الْمُؤْمِنِينَ ۗ قَدْ عَلِمْنَا مَا فَرَضْنَا عَلَيْهِمْ فِي أَزْوَاجِهِمْ وَمَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُمْ لِكَيْلَا يَكُونَ عَلَيْكَ حَرَجٌ ۗ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا

    ХӀай пайхамар! Оха хьанал бина хьуна хьан зударий‚ ахь шайна мах белла болу‚ хьан аьтту куьйга доладинарш хьуна Дала хӀонсана беллачарах‚ хьан ден вешин мехкарий а‚ хьан ден йишин мехкарий а‚ хьан ненан вешин мехкарий а‚ хьан ненан йишин мехкарий а‚ шаьш хьоьца хӀижар дина болу; /кхин муьлхха/ муъмин зуда а‚ цо ша пайхамарна дӀалахь‚ пайхамарна иза ялон а лаахь‚ еккъа хьуна а /хӀай пайхамар/ хуьлуш кхин муъмин нахана йоцуш. Тхуна хии‚ хӀун тӀе диллина Оха царна шайн зударшкахь‚ аьтту куьйгаша дола- диначаьргахь а‚ хьуна хало ца хилийтархьама. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а

    33:50
  11. تُرْجِي مَنْ تَشَاءُ مِنْهُنَّ وَتُؤْوِي إِلَيْكَ مَنْ تَشَاءُ ۖ وَمَنِ ابْتَغَيْتَ مِمَّنْ عَزَلْتَ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكَ ۚ ذَٰلِكَ أَدْنَىٰ أَنْ تَقَرَّ أَعْيُنُهُنَّ وَلَا يَحْزَنَّ وَيَرْضَيْنَ بِمَا آتَيْتَهُنَّ كُلُّهُنَّ ۚ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا فِي قُلُوبِكُمْ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَلِيمًا

    Ахь тӀаьхьатоттур ю хьайна луург царах, хьайна тӀелоцур ю хьайна луург; хьайна езахь айхьа /хьалха/ юьстах яьккхиначарах къа дац хьуна /хьо цунна тӀевахарх/. Иза мелхо а герга ду церан бӀаьргаш бузарна‚ уьш сингаттаме цахиларна /и Делера дуй хиъча/‚ уьш реза хиларна а ахьа шайна деллачух уьш массо а. Далла хаьа шун дегнашкахь дерг. Хили Дела хууш верг а‚ /массо а хӀума шен-шена меттиге дӀанисдеш верг а/, /къиношна дуьхьал таӀзар дарехь/ сих ца луш верг а

    33:51
  12. لَا يَحِلُّ لَكَ النِّسَاءُ مِنْ بَعْدُ وَلَا أَنْ تَبَدَّلَ بِهِنَّ مِنْ أَزْوَاجٍ وَلَوْ أَعْجَبَكَ حُسْنُهُنَّ إِلَّا مَا مَلَكَتْ يَمِينُكَ ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ رَقِيبًا

    Хьанал бац хьуна зударий царал сов а‚ уьш хийцабар а /кхечу/ зударех‚ церан хазалло хьо цецваккхахь а‚ хьан аьтту куьйго доладинарш боцурш. Хили Дела массо а хӀуманна тӀехь терго еш верг

    33:52

Гочдар: Магомед Магомедов