Сурат 33 Аль-ахьзаб (Вовшашца бартбинарш), аят 51

  1. تُرْجِي مَنْ تَشَاءُ مِنْهُنَّ وَتُؤْوِي إِلَيْكَ مَنْ تَشَاءُ ۖ وَمَنِ ابْتَغَيْتَ مِمَّنْ عَزَلْتَ فَلَا جُنَاحَ عَلَيْكَ ۚ ذَٰلِكَ أَدْنَىٰ أَنْ تَقَرَّ أَعْيُنُهُنَّ وَلَا يَحْزَنَّ وَيَرْضَيْنَ بِمَا آتَيْتَهُنَّ كُلُّهُنَّ ۚ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا فِي قُلُوبِكُمْ ۚ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَلِيمًا

    Ахь тIаьхьатоттур ю хьайна луург царах, хьайна тIелоцур ю хьайна луург; хьайна езахь айхьа /хьалха/ юьстах яьккхиначарах къа дац хьуна /хьо цунна тIевахарх/. Иза мелхо а герга ду церан бIаьргаш бузарна‚ уьш сингаттаме цахиларна /и Делера дуй хиъча/‚ уьш реза хиларна а ахьа шайна деллачух уьш массо а. Далла хаьа шун дегнашкахь дерг. Хили Дела хууш верг а‚ /массо а хIума шен-шена меттиге дIанисдеш верг а/, /къиношна дуьхьал таIзар дарехь/ сих ца луш верг а

    33:51

Гочдар: Магомед Магомедов