Сурат 33 Аль-ахьзаб (Вовшашца бартбинарш), аят 53 – 58
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَدْخُلُوا بُيُوتَ النَّبِيِّ إِلَّا أَنْ يُؤْذَنَ لَكُمْ إِلَىٰ طَعَامٍ غَيْرَ نَاظِرِينَ إِنَاهُ وَلَٰكِنْ إِذَا دُعِيتُمْ فَادْخُلُوا فَإِذَا طَعِمْتُمْ فَانْتَشِرُوا وَلَا مُسْتَأْنِسِينَ لِحَدِيثٍ ۚ إِنَّ ذَٰلِكُمْ كَانَ يُؤْذِي النَّبِيَّ فَيَسْتَحْيِي مِنْكُمْ ۖ وَاللَّهُ لَا يَسْتَحْيِي مِنَ الْحَقِّ ۚ وَإِذَا سَأَلْتُمُوهُنَّ مَتَاعًا فَاسْأَلُوهُنَّ مِنْ وَرَاءِ حِجَابٍ ۚ ذَٰلِكُمْ أَطْهَرُ لِقُلُوبِكُمْ وَقُلُوبِهِنَّ ۚ وَمَا كَانَ لَكُمْ أَنْ تُؤْذُوا رَسُولَ اللَّهِ وَلَا أَنْ تَنْكِحُوا أَزْوَاجَهُ مِنْ بَعْدِهِ أَبَدًا ۚ إِنَّ ذَٰلِكُمْ كَانَ عِنْدَ اللَّهِ عَظِيمًا
ХӀай ийман диллинарш! Пайхамаран цӀеношна чу ма гӀолаша шайна пурба делчи бен кхача баа, /тӀаккха а дукха хьалха ма гӀолаш/ и /кхача/ кечбина баларе хьоьжуш ца Ӏан. Мухха делахь, шайга кхийкхича, чу гӀо. Шаьш хӀума йиъча, дӀасадаржа‚ хабарна юкъа а ца гӀош. Баккъалла а, шун иштта хиларо пайхамарна новкъарло йо‚ цунна шух эхь хета /шуьга ала/. Далла эхь ца хета бакъдолчух. Аш цаьрга (элчан зударшка) цхьа хӀума ехахь‚ аш еха и цаьрга кирхьана дехьахула. Иза мелхо а цӀена ду шун дегнашна а‚ церан дегнашна а. Шуна мегара дац Делан элчанна новкъарло ян а‚ цуьнан зударий балабан а цул тӀаьхьа цӀеллигацӀа. Баккъалла а, иза хили Далла гергахь деза- доккханиг (къа)
33:53 -
إِنْ تُبْدُوا شَيْئًا أَوْ تُخْفُوهُ فَإِنَّ اللَّهَ كَانَ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمًا
Аш гучудаккхахь а цхьа хӀума‚ я хьулдахь и баккъалла а, Дела хили массо а хӀума хууш верг
33:54 -
لَا جُنَاحَ عَلَيْهِنَّ فِي آبَائِهِنَّ وَلَا أَبْنَائِهِنَّ وَلَا إِخْوَانِهِنَّ وَلَا أَبْنَاءِ إِخْوَانِهِنَّ وَلَا أَبْنَاءِ أَخَوَاتِهِنَّ وَلَا نِسَائِهِنَّ وَلَا مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُنَّ ۗ وَاتَّقِينَ اللَّهَ ۚ إِنَّ اللَّهَ كَانَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ شَهِيدًا
Къа дац царна (зударшна‚ кхоччуш хьул ца белча) шайн дай‚ шайн кӀенташна‚ шайн вежаршна‚ шайн вежарийн кӀенташна‚ шайн йижарийн кӀенташна‚ шайн /хьалхахь болчу/ зударшна‚ шайн аьтту куьйгаша доладиначарна хьалхахь. Делах кхералаш /шу зударий хийрачу божаршна гучудовларехь/. Баккъалла а, Дела хили массо а хӀуманна тӀехь теш
33:55 -
إِنَّ اللَّهَ وَمَلَائِكَتَهُ يُصَلُّونَ عَلَى النَّبِيِّ ۚ يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا صَلُّوا عَلَيْهِ وَسَلِّمُوا تَسْلِيمًا
Баккъалла а, Дала а‚ Цуьнан маликаша а салот дуьллу пайхамарна. ХӀай ийман диллинарш! Аша а дилла цунна салот‚ салам ло маршаллица
33:56 -
إِنَّ الَّذِينَ يُؤْذُونَ اللَّهَ وَرَسُولَهُ لَعَنَهُمُ اللَّهُ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ وَأَعَدَّ لَهُمْ عَذَابًا مُهِينًا
Баккъалла а, Далла а‚ Цуьнан элчанна а халахоьтуьйтуш берш Дала неӀалт аьлла царна дуьненахь а‚ эхартахь а‚ кечдина царна сийсаза Ӏазап
33:57 -
وَالَّذِينَ يُؤْذُونَ الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ بِغَيْرِ مَا اكْتَسَبُوا فَقَدِ احْتَمَلُوا بُهْتَانًا وَإِثْمًا مُبِينًا
Муъмин божаршна а‚ муъмин зударшна а, цаьргара даьлла хмма а доццушехь, халахоьтуьйтуш берш - цара дехьна доккха эладита а‚ билгала къа а
33:58
Гочдар: Магомед Магомедов