Сурат 33 Аль-ахьзаб (Вовшашца бартбинарш), аят 53
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَدْخُلُوا بُيُوتَ النَّبِيِّ إِلَّا أَنْ يُؤْذَنَ لَكُمْ إِلَىٰ طَعَامٍ غَيْرَ نَاظِرِينَ إِنَاهُ وَلَٰكِنْ إِذَا دُعِيتُمْ فَادْخُلُوا فَإِذَا طَعِمْتُمْ فَانْتَشِرُوا وَلَا مُسْتَأْنِسِينَ لِحَدِيثٍ ۚ إِنَّ ذَٰلِكُمْ كَانَ يُؤْذِي النَّبِيَّ فَيَسْتَحْيِي مِنْكُمْ ۖ وَاللَّهُ لَا يَسْتَحْيِي مِنَ الْحَقِّ ۚ وَإِذَا سَأَلْتُمُوهُنَّ مَتَاعًا فَاسْأَلُوهُنَّ مِنْ وَرَاءِ حِجَابٍ ۚ ذَٰلِكُمْ أَطْهَرُ لِقُلُوبِكُمْ وَقُلُوبِهِنَّ ۚ وَمَا كَانَ لَكُمْ أَنْ تُؤْذُوا رَسُولَ اللَّهِ وَلَا أَنْ تَنْكِحُوا أَزْوَاجَهُ مِنْ بَعْدِهِ أَبَدًا ۚ إِنَّ ذَٰلِكُمْ كَانَ عِنْدَ اللَّهِ عَظِيمًا
ХIай ийман диллинарш! Пайхамаран цIеношна чу ма гIолаша шайна пурба делчи бен кхача баа, /тIаккха а дукха хьалха ма гIолаш/ и /кхача/ кечбина баларе хьоьжуш ца Iан. Мухха делахь, шайга кхийкхича, чу гIо. Шаьш хIума йиъча, дIасадаржа‚ хабарна юкъа а ца гIош. Баккъалла а, шун иштта хиларо пайхамарна новкъарло йо‚ цунна шух эхь хета /шуьга ала/. Далла эхь ца хета бакъдолчух. Аш цаьрга (элчан зударшка) цхьа хIума ехахь‚ аш еха и цаьрга кирхьана дехьахула. Иза мелхо а цIена ду шун дегнашна а‚ церан дегнашна а. Шуна мегара дац Делан элчанна новкъарло ян а‚ цуьнан зударий балабан а цул тIаьхьа цIеллигацIа. Баккъалла а, иза хили Далла гергахь деза- доккханиг (къа)
33:53
Гочдар: Магомед Магомедов