Сурат 33 Аль-ахьзаб (Вовшашца бартбинарш)
-
مَلْعُونِينَ ۖ أَيْنَمَا ثُقِفُوا أُخِذُوا وَقُتِّلُوا تَقْتِيلًا
Шайна неIалт хилларш /бу уьш/. Миччахь хилахь схьалоьцур ма бу уьш‚ бойур ма бу байарца
33:61 -
سُنَّةَ اللَّهِ فِي الَّذِينَ خَلَوْا مِنْ قَبْلُ ۖ وَلَنْ تَجِدَ لِسُنَّةِ اللَّهِ تَبْدِيلًا
Делан суннат ду иза‚ хьалха дIабаханчаьргахь а лелла. Хьуна каранне а карор ма бац Делан суннатана хийцам
33:62 -
يَسْأَلُكَ النَّاسُ عَنِ السَّاعَةِ ۖ قُلْ إِنَّمَا عِلْمُهَا عِنْدَ اللَّهِ ۚ وَمَا يُدْرِيكَ لَعَلَّ السَّاعَةَ تَكُونُ قَرِيبًا
Хьоьга хоьтту наха сахьтах лаьцна. Ахь āла: 'Цуьнан Iилма Далла гергахь ду'. Стено хоуьйту хьоьга? и сахьт-м герга- хилла а мега
33:63 -
إِنَّ اللَّهَ لَعَنَ الْكَافِرِينَ وَأَعَدَّ لَهُمْ سَعِيرًا
Баккъалла а, Дала неIалт аьлла цатешачарна‚ Цо кечйина царна жоьжахати
33:64 -
خَالِدِينَ فِيهَا أَبَدًا ۖ لَا يَجِدُونَ وَلِيًّا وَلَا نَصِيرًا
Уьш лаьттар бу цу чохь гуттар. Царна карор вац цхьа а вали а‚ гIоьнча а
33:65 -
يَوْمَ تُقَلَّبُ وُجُوهُهُمْ فِي النَّارِ يَقُولُونَ يَا لَيْتَنَا أَطَعْنَا اللَّهَ وَأَطَعْنَا الرَّسُولَا
Оцу дийнахь шайн яххьаш цIерга ерзош, цара эр ма ду: 'Вай хилла хиллехьара Далла муьтIахь‚ элчанна муьтIахь!'
33:66 -
وَقَالُوا رَبَّنَا إِنَّا أَطَعْنَا سَادَتَنَا وَكُبَرَاءَنَا فَأَضَلُّونَا السَّبِيلَا
Цара элира: 'Тхо Кхиош-кхобург‚ тхо муьтIахь хили тхан элашна а‚ тхан тхьамдашна а. Цара тили тхо /нийсачу/ некъах
33:67 -
رَبَّنَا آتِهِمْ ضِعْفَيْنِ مِنَ الْعَذَابِ وَالْعَنْهُمْ لَعْنًا كَبِيرًا
Тхан Кхиош-кхобург‚ лōлахь царна шозза Iазап‚ доккха неIалт алалахь царна'
33:68 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَكُونُوا كَالَّذِينَ آذَوْا مُوسَىٰ فَبَرَّأَهُ اللَّهُ مِمَّا قَالُوا ۚ وَكَانَ عِنْدَ اللَّهِ وَجِيهًا
ХIай ийман диллинарш! Шу ма хилалаш Мусана халахетар диначарах тера. Дала цIанвира иза цара аьллачух. Иза хилира Далла гергахь лоруш верг
33:69 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا اتَّقُوا اللَّهَ وَقُولُوا قَوْلًا سَدِيدًا
ХIай ийман диллинарш! Делах кхералаш‚ нийса дош алалаш
33:70 -
يُصْلِحْ لَكُمْ أَعْمَالَكُمْ وَيَغْفِرْ لَكُمْ ذُنُوبَكُمْ ۗ وَمَنْ يُطِعِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ فَقَدْ فَازَ فَوْزًا عَظِيمًا
Цо дика хуьлуьйтур ю шун Iамалш‚ гечдийр ду шуна шун къинош. Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг цо баьккхина боккха толам
33:71 -
إِنَّا عَرَضْنَا الْأَمَانَةَ عَلَى السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَالْجِبَالِ فَأَبَيْنَ أَنْ يَحْمِلْنَهَا وَأَشْفَقْنَ مِنْهَا وَحَمَلَهَا الْإِنْسَانُ ۖ إِنَّهُ كَانَ ظَلُومًا جَهُولًا
Оха хьалхадиллира аманат стигланашна а‚ лаьттана а‚ лаьмнашна а уьш дуьхьал хилира и ддахьан‚ уьш кхийрира цунах‚ и дIадихьира адамо. Баккъалла а, иза хили-кх зуламе верг а‚ ца хууш верг а
33:72 -
لِيُعَذِّبَ اللَّهُ الْمُنَافِقِينَ وَالْمُنَافِقَاتِ وَالْمُشْرِكِينَ وَالْمُشْرِكَاتِ وَيَتُوبَ اللَّهُ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ وَالْمُؤْمِنَاتِ ۗ وَكَانَ اللَّهُ غَفُورًا رَحِيمًا
Дала Iазап дархьама мунепакъ божаршна а‚ мунепакъ зударшна а‚ ширк динчу божаршна а‚ ширк динчу зударшна а‚ Дала тōба къобалдархьама муъмин божарийн а‚ муъмин зударийн а. Хили Дела гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а
33:73
Гочдар: Магомед Магомедов